ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн цIенош лелхийтинарг Путин лара догIу


Украина -- Терроризмна дуьхьалояран гуламехь, Киев, 11Деч2014
Украина -- Терроризмна дуьхьалояран гуламехь, Киев, 11Деч2014

Нохчийчохь гIаттамхойн гергарчийн хIусамаш ягош, дIахьакхар, низамехь дац президента Путина аларал совнаха, кхин гучуяьлла дац конституци талхочу Кадыровн Рамзанан гонашка лакхарчу Iедалх цхьаммо а хIума аьлла. И стенна ду иштта, шайн хьесапашкахь туьду нохчаша.

Нохчийчохь тахна а дукха къамелаш хеза кхузахь тIемалойн гергарчийн дагийна цIенош хьокъехь Собчак Ксения хаттарна жоп луш Путина Владимира деллачу жоьпах а, цул тIаьхьа а цIенош дохор ца сацорах а.

Иттех шарахь лаккхарчу даржехь маьхькIамхо болх бинчу цхьана соьлжагIалахочуьнга ас хаьттира, ахь муха туьду цIенош дохор низамаца догIуш дац аьлла, Путина дIахьедар динчул тIаьхьа а, Нохчийчохь, Соьлжа гIалахь хилла а боцчу гIаттамхойн цIераниш а тIехь кIелбаха тхов боцуш битар? Оьрсийчоьнан президентан лаамна кхузара Iедалдай муьтIахь цахилар-м дац те иза? Цунна жоп луш ас цIарца ца вуьйцучу соьлжагIалахочо хаттарна дуьхьал хаттар а луш элира: » ГIалахь, эзарниш низамхой дIа а гулбина, дуйца чIагIо еш ца гина хьуна?

Дуьненна а гойтуш, и тайпа муьтIахьалла, тешамалла дIаухьуш хилча хаа ду-кх Путин Владимирна а ца хууш, цуьнан лаамаза кхузахь цхьа хилам тергаллуш боций. Цу юкъахь ду хьуна нехан хIусамаш охьаатар а, кхидерг а…»

Карладаккха аьлчи дагалецаме сурт дара Соьлжа гIалин шолгIачу стадионехь тергалделларг. «Тхан къомана а, пачхьалкхана а уггар хала еъначу хенахь, -элира Кадыров Рамзана,- Путин Владимира гIортор йира Кадыров Ахьмад-Хьаьжина. И бахьнехь дуьненан юкъара терроризм къарйира,хIаллакйира. Тхуна дагайогIу и хенаш, цундела тхо кийча ду президенто схьаделла муьлхха а омра кхочушдан… Ас тахана даладо Ахьмад-Хьаьжин дешнаш: « Хан кхаьчна, дийриг кхета а деш, харжам бан. Цундела оха дерриг дуьнене а дIахаздо, тхо Путинан тIеман гIашлой хиларх. Нагахь тхуна омра лахь, оха дерриг дуьненна а дIахоуьйтур ду иза ишта хилар»,- аьлла, чIагIам бина мехкан куьйгалхочо.

Ма-дарра аьлча, хаддаза телехьожийлашкахь а кхайкхош мА-хиллара, кхузахь баккхийчарна хьовх, берашна а, кхиазхошна а хаьа Путин Владимира а, Кадыров Рамзана а доттагIаллин юкъаметтигаш юй а, цуьнан пурбанций бен кхузарчу Iедалдайша Кремалан бертаза гIулчаш йохур йоций а.

Шийтта шо долу Султан, 20 шо долу Хьусайн:» Путин а, Кадыров а ши доттагI ву. Путинас делла муьлхха а приказ кхочуш дийр ду ша аьлла боху Кадыровс тхан дас.»

« Кхузара хьаькамаш Путинан куьйга кIелаххьий? Дера бу! Цуьнан лаамера а бевлла кхузахь хIумма а деш дац. ХIинца санна барт цкъа а хилла а бац кхузарчу Iедалний, Москваний юкъахь . И дохийна цIенош а цунна а ца хууш дохийна дац-кх олу наха…»

Соьлжа-гIалий, Москвай цхьа цакхетар доцуш, бертахь болх беш хиларан тоьшалла лору тергамхоша а, бакъонашларьярхоша а, терроран дуьхьало яран некъаш билгалдаха, и зулам дийцаре деш, нохчийн коьртачу шахьрахь форум дIаяхьа Оьрсийчоьнан куьйгалхой резахилар.

Кхузахь и гулам дIабахьар хьокъехь ойла-хьажам дуьххьала хааме баьккхина пачхьалкхан Думехь вице-спикер волчу Васильев Владимира. «Нагахь Рамзан Ахматович резахилахь йийцаре ян тарлуш ду-кх и ойла» аьлла Васильевс.

Премьер министарна Медведев Дмитрина а тайна, гарехь Соьлжа гIалахь и тайпа гула.-цхьаьнакхетар дIадахьар. «Террораца къийсам баллоран исторехь инзаре мехала масал ду цу декъехь Нохчийчохь динарг», - ишта дIахьедина Оьрсийчоьнан шолгIачу политико, Медведев Дмитрийс.

Дуьйцург цхьана жамIе далорхьама аьлчи.махкахь мел хуьлу хилам, юкъараллина тIеIаткъам беш а, ца беш а мел йоккхуш йолу гIулч а, лаккхарчу тIегIанахь тIеоьцуш болу сацам а- цхьа хIума а ОЬрсийчоьнан куьйгалхойн лаамна бIоста нислуш дац. Москваца бертахь бен, дукхахболчу бахархоша кхеторца, цо «хIан- хIа, мегар дац» боххушехь дохийна дац Нохчийчохь тIемалойн гергарчийн цIенош.

Цу кеппара къона а, къена а теш ву. Оьрсийчоьнан президенто «хIаъ» аьлчи бен хIусамаш а йохийна, гIаттамхойн цIераниш махках баьхна бац аьлла а.

XS
SM
MD
LG