ТIекхочийла долу линкаш

Ходорковский Михаилна хIун дина бусалбанаша?


Оьрсийн олигарх хилла, набахтехь 10 даккхина Ходорковский Михаил

Оьрсийн олигарх хилла, набахтехь 10 даккхина Ходорковский Михаил

Бусулба нахана дeьхьал питане къамел дина Ходорковский Михаил ша волчу схьавалийначунна ахчан мах кхайкхийна гIалгIайн бизнесхочо Евлоев Зяудис. Цунна ШарIаца доггIу таIзар дан дагахь ву ша боху цо. Иштта, шен мостагI ву иза боху Нохчийчоьнан администратора Кадыров Рамзана а.

Парижехь сатирикаш-журналисташ байинчул тIаьхьа адам карзадалар, гарехь, дехха лаьттара ду. Бусулба нахана а, дерриге дуьненна а юккъадоьлла дов ду иза бохуш, питане къамел дечара, гуттар а чолхене дуьгу хьал.

Оцу зуламах шена хетарг довзуьйтуш, олигарх лаьттинчу, цул тIаьхьа итт шо набахтехь текхначу Ходорковский Михаила кхайкхам бина хаамийн гIирсашка, шайна журналисташ байар Iаткъинийла гойтуш, цара бусулба дин а, Мохьмад-Пайхмар а (а.а.с.) сийсазвеш карикатураш зорбане яха еза аьлла.

Оцу къамело дарбина Оьрсийчуьра бусулба нах. Дукхаъчара емалдина Ходорковскийн дIахьедар. Иза шайн а, динан а мостагI ву аьлла массех вевзашволчу Кавказерчу куьйгалхочо а.

ГIалгIайнчуьрчу бизнесхочо Евлоев Зяудис 400000 Iамеркан доллар кхайкхина ша волчу Ходорковский Михаил схьавалийначунна дала. Цо шен интернетан агIонтIехь гIарабаьккхина и хаам.

Маршо Радио зIене елира Евлоевца. Нагахь санна ша бохучух гIуллакх хилахь, ша хIун дан волу дийцира цо.

Евлоев: «ХIумма а дан дагахь вац со цунна. Телехьожийлехь, гайта а гойтуш, хIун хьан аьлла талла воллу. Тахана цхьаъ ах миллиард нахана везаш ву Мохьмад-Пайхмар (с.а.с). Иза цунна луьйш велахь, ШарIехь кхелъян еза цунна. Кхин и къамел цо дийр доцуш».

Шен мостагI лору Евлоев Зяудис Ходорковский Михаил. Амма цо емалдо Парижехь редакцина тIелатардар,нах байар. Пайхмаран сибат диллар магийна доццушехь, иза беламе кепехь дилларна куьйгбехке болучарна дан догIуш дара таIзар. Амма бехке боцу нах байа магийна дац цхьанне а, элира цо.

Евлоев: «Иза динарг бусулба нах хилла ала дац сан. Бехкевоцург вер хьарам ду. Иза вен бакъо яц цхьанненан а. Бусулбанна а, керстанна а бакъо яц. Ходорковский санна болчу нахана тIаIзар дан деза».

Евлоев Зяудин кхайкхамна жоп кхаьчна меттигаш а ю. Башха тидаме эца мегар долуш-м дац уьш, боху цо. Парижехь хилларг, Евлоев Зяудина хетарехь, Европерчу пачхьалкхаша терго а ца еш, дешан маршо ю бохуш, цхьа миллиард ах миллиард нехан дин сийсаздеш хиларна терго цаяран жамI ду. Цуьнан шеко яц бехк боцу кхин а нах лийриг хиларх Парижера зулам бахьанехь.

Евлоев: «Нагахь санна хьал тесна дитахь, хIумма а ца деш, низамаш доха а деш, иштта зуламаш деш лаьттар дуйла хаа деза царна. Бусулба нах бехачу цхьанна а меттехь хилла дуй Iиса-Пайхмар, Яхъя-Пайхмар, НохI-Пайхмар сийсазвеш? Дала лардойла вай цунах. Нагахь санна динца къовсам белахь, схьавола, чай а молуш, къастор ду вай, бакъо мичахь ю, хацо мичахь ю. Амма иштта къамел дайта йиш яц цхьанна а бусулба стеган. И карикатураш бахьанехь дуккха а нах лийр бу, бехке боцурш».

Ходоровский Михаил шен мостагI ву алар гIалгIайн цхьана бизнесхочо дIакхайкхина Iаш Iац. Изза дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана а. Цо ахча ца кхайкхийна, бакъдерг аьлча – иза шен мостагI ву хIинцачул тIаьхьа боху цо.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG