ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарошца рогIера къамел хир ду Малхбаленан Женевехь


Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, ГIажарийчоьнан а векалша Женевехь тIедогIучу кIиранах дIахьор ду зарратах долу рогIера дийцарш. И хаам баржийна Вашингтоно. ГIажаройн ИСНА-агенталло а даржийна, Iамеркан Штатийн Пачхьалкхан департаментан куьйгалхо Керри Джон а, шайн мехкан арахьарчу гIуллакхийн министр Зариф Джавад а кху беттан 14-чу дийнахь цхьаьнакхетар ву зарратан программин дийцарийн хьокъехь аьлла.

XS
SM
MD
LG