ТIекхочийла долу линкаш

4 украинахо-салти вийна дийнахь-буса


Донбассехь дийнахь-буса вийна Украинан эскарера виъ салти, 8 лазийна. Эскарийн векала Лысенко Андрейс хаамбарехь, 30-за минанаш а, «Град»-ракеташ а йиттина Украинан тIеман дакъойн агIор. Герзаш диттина сепаратисташа Веселое, Опытное, Марьинка, Гнутово, Нокотошковское, Красногоровка, Пески, Никишин, Кряковка, Редкодуб ярташкара.

Луганскна гонаха герзаш дуьйлуш хиларх хаамбина цигарчу губернатор шех олучу куьйгаллин пресс-секретара Москаль Геннадийс а. ЦIенош дохийна, цо бахарехь, Крымское юьртахь. Донбассе Оьрсийчуьра рогIера автоковра яхарца дузу герзашкхийсар тергамхоша.

Гуманитаран гIо ду бохучу киранашца Украианерчу сепаратисташна а, цига хьажийначу шен эскархошна а герзаш хьийсадо Оьрсийчоьно, хаамбо Киево.

XS
SM
MD
LG