ТIекхочийла долу линкаш

Йоьжна Оьрсийчоьнан кредитан рейтинг


Мехкийн экономикера хьал зуьйчу дуьненаюкъарчу Fitch Ratings хьукмато лахйина Оьрсийчоьнан кредиташ эца йолу рейтинг-таро. 1998-чул тIаьхьа даьхкинчу массо а шерашкахьчул ледара ю Оьрсийчоьнан кредиташ юхадала таро.

Цуьнга хьаьжжина лахлур ду дуьнено цунна уьш далар а. Мекхдаьттан мах а, соьман дозалла а йожарца дузу и хьал Fitch Ratings- юкъаралло.

ГIирма, низам а талхош, долаерзорца а, Украинехь тIеман кризис хIотторна а бехкеечу Оьрсийчоьнна тоьхначу санкцеша, гIелъеш ю цуьнан экономика, иза ягочун экспортерашлахь яккхийчех ларалуш хиларе терра.

XS
SM
MD
LG