ТIекхочийла долу линкаш

Кхерамазалла ларъян гIерта Францин Iедалш


Францера 700 сов жуьгтийн школаш ларъян полисхой хьовсийна Iедалша. Цунах лаьцна Парижерчу цхьана жуьгтийн школехь дай-нанаошна хьалха вист хуьлуш хаам бина Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Казнев Бернара. Оццу хенахь Парижехь Францин президенто Олланд Франсуас кхеташо дIаяьхьна кхерамазаллин хаттаршна хьажийна йолу.

Иза чекхяьлча Францин тIеман министро Ле-Дриан Жан Ива хаам бира махкахь цхьацца объекташ ларъян 10 эзар гергга эскархо хьажор ву шаьш аьлла. Францин премьер-министро Вальс Мануэла дIахьедар дина Парижехь даханчу кIиранах теракташ йинчу нехан накъостий лахар сацор дац шаьш аьлла.

XS
SM
MD
LG