ТIекхочийла долу линкаш

Къизаллин доза дан а дуй теша?


Нохчийчоь --ГIаттамхойн гергарчу yнехан дагийна цIа, 15ГIу2014

Нохчийчоь --ГIаттамхойн гергарчу yнехан дагийна цIа, 15ГIу2014

Нохчийчоьнан парламенто Пачхьалкхан Думане дехна низам къоршаме талхийначийн гергарнаш жоьпалле узу бакъо юкъаяккхар. Цхьа а бух а боцуш, 17 доьзал цIийнах а, махках а баьккхинчул тIаьхьа нохчийн депутаташкара яьржина жигаралла зуламе а, Оьрсийчоь бодане кхачош а лору бакъоларъярхоша.

Бакъоларъярхоша догдоху Абдурахманов Дукхаваха коьртехь волчу "нохчийн къоман векалш" шайх олучу тобан дехар Пачхьалкхан Думано юьстахтаттаре.

«Вай уьншарахьлерчу боданечу замане юхакхойкху. Суна теша лаьа, Пачхьалкхан Думано шайн кхочурша динчу зуламах гергарнаш жоп дала декхаре бен низам тIеоьцург цахиларх. Вайн-х Сталинан заманахь а баьхна, дас воIа динчух жоп ца ло, воIа дас динчух жоп ца ло, - аьлла даржийна прессехь евзашйолчу бакъоларъярхочо Ганнушкина Светланас.

Нохчийчоьнан парламенто зуламхочун гергарнаш бехктакхаме озор дехар ша муха туьду дийцира Маршо Радиога бакъоларъяран «Мемориал» юкъараллан куьйгалхочо Орлов Олега. Цунна хаьа Нохчийчохь низам муха лела а, иза муха Iедалан хьукматаша кхочушдо а. Цундела цхьана а кепара мегар дац гIаттамхойн гергарчарна тIе жоьпалла дилла.

Орлов: «Хьовса вай, хIун ю Нохчийчохь кхел. Я ерриг а Къилбаседа Кавказехь. Халахеташ делахь а, яц цхьана а маьIнехь йозуш йоцу кхел. Массех суьдхо кхерош, барамаш Нохчийчохь дIабаьхьначул тIаьхьа, яьхьаш яц кхел нийса сацамаш тIеэца. Iедало аьлла сацам муьлххарг а кхочушбийр бу цара, Кадыровс аьлча-м муххале а.

Амма мухха а, хIуъа а хилахь а, мегар дац гергарнаш социалан гIоьнах бахийта, бераш, масала. Шайн цхьана гергарчо динчух бераша луш нисло жоп. ...Иза-х даций цхьана а гурачу хоьаш хIума, адамаш даар санна ма ду иза».

Низам юкъадаккхар доьхучу нохчийн хьукматан спикер Абдурахманов Дукхваха зIенехь каро хало хилира Маршо Радиона.

Юкъадала тарлучу керлачу низамо хIун хийца тарло, и стенна оьшу? Оцу хаттарна иштта жоп ду Кавказехь гIарадевллачу девнашкахь бехкебечарна юридикан гIо латточу адвокатан Ахильгов Батыран.

Ахильгов: Иза юха а тобанера жоп даккха гIертар ду. Стенна ца ягайо тIаккха цхьа террорист бахьанехь ерриг а юьрт, хоттур вай, масала. ТIаккха ерриг а Нохчийчоь, иштта дIа кхин а.

Оцу кепах низам деш хилар, иза, соьга хаьттича, еккъа Iовдалла ю. Жоп ша динчух хIораммо а веккъа ша цхьамма дала деза. Оцу коьртачу кепа тIехь бен лаьттийла дац пачхьалкхехь нийсо.

Ткъа и тайпа жигараллаш – уьш таханлерчу политикан мохехьа, политикан ойланашкахьа верзар ду. Даьржина бухарчу Iедало лакхарчуьнга низамаш тIеэцар дехар, цо гойту хьал дикачу кхочур доцийла, бехкболучунна хьалхара жоьпе хIуманна а бехкебоцурш ийзор буйла. Бехкбоцчу нахана дуьхьал репрессийн мур болор ду иза".

Оццу хьокъехь иштта къамел хилира тхан Ослорчу бакъоларъяран «ХIелсинки Тобан» декъехь болх бечу Гисаев Ахьмадца а. Иза тешна ву жигаралла нохчийн депутаташка лаккхара охьаехна хиларх.

Гисаев: «Цивилан гIиллакхашца ца догIу иза, амма догIу Оьрсийчоьнан амалца-м. Цуьнан зеделларг долуш ду дукха заманахь дуьйна схьа. Кхечеран а ду иза, масала, Палестинехь. Цигара схьадогIуш а ду. Даима а лелла, лелар а ду. Шех парламентах «нохчийн» олу, амма ян-м яц иза нохчийн. Со тешна ву, цо и низам шеггара доьхуш дацарх – цуьнuа дехна и гIуллакх айдар».

Нохчийн парламенто шегара дош аьлла, шегара дехар Москох дIахьажийна. Муха, хIун нислур ду Пачхьалкхан Думанехь – хаттарехь дуьсу. Мел бакъбу Кремло а, низамаш кхуллучу гонаша а гергарнаш жоьпелле ийзабе низам тIеоьцур дац бохург, ала хала ду. Таханлерчу Оьрсийн пачхьалкхан хотIе хьаьжча-м муххале а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG