ТIекхочийла долу линкаш

Европера гуламаш: цхьана зуламна дуьхьал кхин зулам


Германи -- Исламна духьаллаьттачу Педига юкъараллерчу гуламхоша канцлеран Меркел Ангелин сурт кечдина, иза бусулба нахехьа яьлла аьлла гойтуш, Дрезден, 12Деч2015

Германи -- Исламна духьаллаьттачу Педига юкъараллерчу гуламхоша канцлеран Меркел Ангелин сурт кечдина, иза бусулба нахехьа яьлла аьлла гойтуш, Дрезден, 12Деч2015

Парижехь "Шарле ХIебдо" журналан белхахой а, массех полисхо а вуьйш, иккхинчу бохамо шайн-шайн мехкашкахь бехачу бусулба нахана дуьхьалбаьхна европахой. Гуламаш лаьтта кху деношкахь массех пачхьалкхан шахьаршкахь. Гуламхоша хIун доьху, Европехь бехачу нохчийн муха бу баьржинчу боламе хьажам?

ВерхIитта стаг вийна алжирхой, ши ваша СаIид, Шериф Куаши а, церан накъост Кулебали Iамеди а полисхоша вийначул тIаьхьа масситта тайпа болам-барамаш баьржина Францехь а, ерриг а Европехь а, Iамеркахь а.

Цхьана агIор журналистийн гонаша «Со ву Шарле» аьлла луьйца баржийна, Парижехь беллачу сатирикаша Мохьаммад-Пайхамар аьшнаш во шаьш аьлла кхоьллина карикатураш а яржош. Террорхойх ца кхоьру тхо, тхох а лата бохург санна ду хаамийн гIирсаша бухадуьллург.

Вукху агIор Европан а, кхечу континентийн а пачхьалкхашкарчу гIаланашкахь хIиттабо ислам, аьлча а, и дин лелораш шайн-шайн махкара лахка боху гуламаш.

Юкъара сурт гойтуш ю къаьмнашца массарел а лараме юй-те аьлла йолчу Норвегин шахьарахь хилла гулам.

TV-2 олучу мехкан телевизионехь гайтира кху кIиранах цигахь болх бечу, шен схьавалар Пакистанера долчу журналиста Къаддафи Замана, гуламхойх цхьаьнга хоттуш, шун протесте сте даьхна, аьлла. Вукхо, норвегхочо, жоп ло: "Хьо санна йолчу бусулба боьха хIуманашка болу цабезам гайта веъна со, бусулба эмигранташ, хьо а цхьаьна, кхуза йоьссина боьхалла ю".

Журналиста, воха а ца вухуш, хIумма а дац, ша цец ца волу, массех шо ду ша экстремистех лаьцна дуьйцу, олий, кхидIа къамелдо.

Ослохь вехаш а, Норвегерчу бакъоларъяран «ХIелсинкин тобан» декъехь болх беш а ву Байсаев Iусам. Цигара хьал зуьйш, цуьнца къамел дира Маршо Радионо.

Парижехь, Европера куьйгалхой а тIехь баьхкина, миллионал сов адам гуллуш, барам хилира деношкахь. Цигахь цхьадолу бусулба бераш хьийзадо шайн школашкахь кхечу дешархоша, аьлла, даьржира зорбанехь. Амма могIарчу бахархоша, нохчаша, тоьшалла дира Маршо Радиоца зIенехула, гуламхой Парижан юккъарчу майданашка гулло, церан шайн дахар ду, амма и дахар вуно кIезиг хьакхало дукхахболчу францхойх, бусулбанех аьлла. Хьалха а санна, францхой шайца кIеда-мерза бу, бохура цара.

Ткъа муха го хьал Парижна юьстах?

Марселехь веха Шарип. Цо довзуьйту шаьш долчуьра дIа шена гушдерг.

Ала догIу, "Шарле ХIебдо" хIун ю а ца хуучу муьрехь, Парижехь бохам эккхале, бутт гергга хьалха, йолийна бусулба эмигранташ махкахбаха боху протест Европан юкъарчу Педига боламан Германерчу декъо. Дрезденера дIабуьйлабелира церан маьттаза маьхьарий бетта гуламаш.

Ткъа муха го хьал Германина чохь. Иза дуьйцу Берлинехь вехачу Душуев Рахьмана. Иза немцойн-нохчийн гергарлонан цIийнан куьйгаллехь ву.

Европан кхаа махкара хьал вайна дийцинчу нахана, шаьш а бусулба хиларе терра, новкъадогIу карикатураш цхьаболчу европахоша, испанхоша стерчашна меракIел хьийзае цIен баьхчалгаш санна, дIасалестош.

Амма бусулба нахана дуьхьал айбина боламаш кхин а дIакхоьхьур болчух тера ду уьш гIовттийначу нацисташа а, националисташа а. Цара дохор ду дуккха а нехан дегнаш, хила тарло европахошлахь ксенофоби цаезарца оцу нахана дуьхьалбовлурш а – кхетамийн къовсам дуьне кхолладелчхьана схьа лелаш лаьтта къовсам бу.

Делахь а... .

Делахь а дер дац адамаш бодане кхийса гIертачийн луур. Боданал серло тоьлу. Атта ду адамашна догцIенна, хьагI-гамо, дов-къовсам боцуш, вовшашлахь даха. Цундела, цхьана агIор, "Шарле ХIебдо" журнало човхийна, шолгIачу агIор, цуьнан редакци хIаллакйинчара дардина адамийн дегнаш – бен а дац, бусулба я керста - паргIатдевр ду, юха а цIинлур ду.

Дац адамашна цхьа латта бен, дац дахар а юкъараниг бен. Цунах теша вай, цунах вайна теша лаьа...

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG