ТIекхочийла долу линкаш

Италин президентан дарж дитина Наполитанос


Италин президентан дарж дуьту ша аьлла дIахьедар дина Наполитано Джорджос. Италин президент иза вара 9 шарахь. Наполитанон 89 шо ду. И бахьана долуш кхоччуш президентан декхарш кхочуш дан ницкъ бац шен бохуш вара иза ши кIира хьалха.

7 шарахь президент лаьттинчул тIаьхьа 2 шо хьалха дукха халла реза хилира Наполитано кхин дIа а цу даржехь виса. Италин премьер-министро Ренци Маттеос дIахьедар дина сихха керла президент харжар дIадахьа лууш ву ша, коьртачу политикан партешца барт а бина аьлла.

XS
SM
MD
LG