ТIекхочийла долу линкаш

"ФСБ-н шпионаш" байина "Исламан Пачхьалкхо"


«Исламан пачхьалкх» тобано видео яржийна интернетехь, ши стаг вуьш яьккхина йолу. Цу тIехь дуьйцуш ду вийнарг Оьрсийчоьнан 2 шпион ву бохуш. Видеон йохалла ю 7 минот. Цу тIехь цкъа дуьххаьара гуш воцучу стага ле во и шиъ. Шпионаш бу бохучу наха дуьйцу шаьш ФСБ-нна болх беш ду бохуш.

Царшимма буьйцург оьрсийн мотт бу. Царах цхьаммо олу ша Казахстанера ву олий. ШолагIчо ша къомах мила ву ца дуьйцу, амма Шема кхачале ша Оьрсийчохь 8 баттахь ФСБ-н белхахо болх бина ву олу цо. ФСБ-н белхахоша цхьа а комментари а ца еш йитина и видео.

XS
SM
MD
LG