ТIекхочийла долу линкаш

Украинин гимне ладогIарна 4 стаг лаьцна Москох


Москох Украинера пилот Савченко Надежда латточу терахь 6 долчу талламан изоляторна хьалха полицино лаьцна 4 стаг. Царна бехке диллинарг ду Украинин гимне ладогIар. ДIалаьцначарна юкъахь ю «Грани.ру» интернет сайтан корреспондент Агеева Александра.

Царах цхьаммо Мокряков Олега дийцарехь, полицин автобус духьал а тесна совцийна уьш, шайн машен чохь Украинин гимне ладугIуш Iаш. ТIеман барзакъ доьхначу наха, куьйгаш а хьовзийна, дIабигина уьш полицин автобусана чу. ХIинца уьш лебеш ву экстремизмана дуьхьало ечу урахаллан белхахо.

XS
SM
MD
LG