ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дуьхьалонан акце дIаяхьа кечлуш ду Нохчийчура Iедалш


Дела Элчанна карикатураш зорбане яхарна дуьхьал акце вовшахтухуш ду Нохчийчоьнан Iедалш. Iедалан зорбанан сервисо бинчу хаамца, цуьнца цхьаьна нохчийн динан дайша емал до муьлхха а терроран тIелатар дар. Дуьхьалонан акци хила мегаш ю Соьлж-ГIалахь кху беттан 19-чу дийнахь.

Нохчйчоьнан куьйгалхочуьнан сайт тIехь хаам бина, хир йолу акци вовшахтухурш меттигерчу муфтиятан белхахой бу аьлла. Даханчу мукъачу деношкахь Москох Манежная майданахь полицино дIалецира ши стаг. Царах цхьамма дIалаьцна дара «Со Шарли ву» аьлла тIеяздина плакат.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG