ТIекхочийла долу линкаш

ОБСЕ: Волновахехь автобус йохийна "Град" тоьхна


ОБСЕ-н лерринчу комиссино тIечIагIдина Волноваха гIалин йистехь йохийначу автобусана Град тоьхна хилар. Цу кепара, цу талламо харц до цунна масатоьпаш йиттина аьлла сепаратисташ дина дIахьедар.

Шинарин дийнахь Украинин эскархой лаьттачу Бугас олучу блок-постана уллехь автобусана йоккха топ тоьха вийна 12 стаг. 13 чевнаш йина ву. Уьш берш маьрша бахархой бу.

ОБСЕ-н векалша дийцарехь, йохийначу автобусана 12-15 метр уллехь Градо хецна ракета иккхина меттиг карийна царна. Ткъа ша автобус йохийна хилла дуккха а ракетан гергаш а еттайелла.

XS
SM
MD
LG