ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчоьно Украинехь лелориг емал дина Европарламенто


Европарламентан дупутаташа Еарин дийнахь резолюци тIеэцна Украинерчу хьолаца йоьзна йолу. Цу тIехь вуно емал еш ю Оьрсийчоьнан «девнен а, экспансин а» политика. Европерчу депутаташа тIеэцначу документана тIехь дуьйцуш ду Оьрсийчоьно дIахьош болчу информацин тIаманна дуьхаьло ян езаш хиларх лаьцна. Царна хетарехь, Украинин гIо дан деза реформаш еш а, цуьнан эскар мохк ларбан аьтто болуш хуьлуьйтуш а.

Цул сов, Украинина гIо дан деза лоьрашна а, гуманитарин вовшахтохараллашна а. Европарламенто Еарин дийнахь къобул йира кхин цхьа резолюци а. Иза хьакхалуш ю «бехк а боцуш кхел йинчу» Оьрсийчоьнан оппозицин жигархочух Навальный Алексейх а, цуьнан вешех Олегах а. Коррупцица къийсам латточу жигархочунна дуьхьал бехк-такхаман гIуллакхаш схьаделлар политикан бух болуш ду аьлла хетало аьлла ду резолюцина тIехь.

XS
SM
MD
LG