ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин кхойкхур вац Джи-7 саммите


Мангал-баттахь Баварехь хир йолчу Джи-7 олучу пачхьалкхийн саммите Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир кхайкха дагахь яц Германин канцлер Меркел Ангела. Цунах лаьцна Меркела дIахьедар дина Allgemeine Zeitung олучу газетана еллачу интервьюхь.

Цо дийцарехь, ГIирма дIалацаро а, Украинин малхбалехь конфликт йолоро а дохийна Джи 7 олучу тобано лоруш долу гIиллакхаш. Германин канцлеро дийцарехь, Малхбузено Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна санкцеш юьсур ю, уьш кхайкхоран бахьанаш дIадовллалц.

Меркела билгалдаккхарца, Оьрсийчоьнна кхайкхийначу санкцех лаьцна хаттар дийцаре дийр ду кху бIаьста.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG