ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Динах лаьцна забарш ян оьшуш дац


Динах лаьцна зорбанан гIирсашкахь беламе сурташ дахкар мегар доцушш хIума ду аьлла дIахьедар дина Оьрсийчоьнан Роскомнадзор урхалло. Цу тайпа беламе сурташ даржор адамашна юкъахь хьагI-гамо кхоллар санна туьдур ду Iедалша. Ткъа иза зорбанан гIирсех а, эскстремизмана дуьхьало ярх лаьцна а долу низамаш дохор ду аьлла ду Роскомнадзоро динчу дIахьедарна тIехь.

Оршотан дийнахь Роскомнадзоран Камчаткерчу декъо меттигерчу зорбанан гIирсашка кехат дахьийтинера диндайх лаьцна беламен сурташ даржор а, Парижехь кху беттан 7-чу дийнахь хилларг бакъдеш сурташ даржор а мегар долуш хIума дац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG