ТIекхочийла долу линкаш

Парижехь закъалтхой лаьцна стаг каравахана полицина


Парижан Коломба олучу кIоштахь почтин чохь закъалтхой лаьцна хилла стаг каравахана полицина. Адамаш маьрша даьхна. Хьалхо хаамаш баьржинера цигахь почта дIалаьцна аьлла масатоп а, гранаташ а карахь хиллачу цхьана стага. Цо нуьцкъала латтош хилла цу чохь ши стаг. Цу гIишлонна го бинера полицин ницкъаша.

Полицино бинчу хаамца, цу стага ша телефон тоьхна цаьрга. И стаг мила ву хууш ду. Хьалха иза Iедалша масийттоза жоьпе озийна хилла цхьацца кега-мераза низамаш дохорна. И бахьана долуш цу стага лелийнарг теракт яц аьлла хаам бина полицино.

XS
SM
MD
LG