ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муфтиято вовшахтоьхна дуьхьалонан акци хилла Магасехь


Иттаннаш эзаранаш нах арабевллера ГIалгIайчохь Магасехь Мохьмад Пайхамар сийсаз ван гIерташ карикатураш яхкарна дуьхьал хьажийначу акце. Иза вовшахтоьхнарг яра меттигера муфтият. Дуьхьалонан акцехь дакъалоцуш вара ГIалгIайчоьнан муфтий Хамхоев Iийса-Хьажа а, республикан куьйгалхо Евкуров Юнус-Бек а.

Гулбеллачара емал дира Дела Элча сийсаз ван гIертар. И тайпа хIуманаш лелон мегар ца хиларх лаьцна дийцира бистхиллачара. Цу тайппа акци Соьлж-ГIалахь Оршотан дийнахь вовшахтоха дагахь ду Нохчийчура Iедалш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG