ТIекхочийла долу линкаш

Бусулба наха акцеш дIаяьхьна шайн дин сийсаздан гIертарна дуьхьал


Эзарнаш бусулба нах арабевллера Шоьтан дийнахь дерриг а дуьнентIехь Шарли ХIэбдо журнало юха а Мохьмад Пайхамарх лаьцна беламен сурташ дахкар емал дан. Карачехь полицино чхьонкарш а, хи а детташ дIасалаьллина дуьхьалонан акце араваьлла хилла 200 гергга стаг.

Урданехь демонстранташ летта Францин векаллана хьалхахула марш ца яйта дуьхьал бевллачу полицин белхахойх. Урамашкахула демонстрацеш дIаяьхьна Алжирехь а, Шемахь а, Индехь а, Филлипинашкахь а, БайтIалкъуддусехь а.

XS
SM
MD
LG