ТIекхочийла долу линкаш

Кхерамазалла чIагIйина Белгехь


Кхерамазалла чагIйина Белгехь. Цу пачхьалкхан министрийн кабинетан векалша бинчу хаамца, дуккха а жуьгтий бехачу Брюсселан а, Антрверпенан а урамашкахь кхерамазалла ларъян аравьккхина ву 300 гергга эскархо. Кху беттан 15-чу дийнахь Вервье гIалахь полицин операци дIахьош бусулба ши стаг вийра, цхьаъ дIалецира.

Лаьцначо чIагIдо ша цхьана а кепара терроран тIелетарехь дакъалаьцна цахилар. Верриг а кху тIаьхьарчу шина дийнахь Бельгехь лаьцна 13 стаг. Цараъ пхиъ бехке веш ву терроран тобанашца уьйраш хилла аьлла. Iедалша дийцарехь, царах цхьаберш Шема а бахана цхьаьнабеттабелла хилла исламан тобанийн жигархошца.

XS
SM
MD
LG