ТIекхочийла долу линкаш

Донецкера аэропорт къуьйсуш бу сепаратисташ


Украинин эскархоша хIинца а шайн Iуналлехь латтош ю Донецкан аэропорт. Цунах лаьцна хаам бина Шоьтан-дийнахь Украинин къоман кхерамазаллин кхеташонан векало Лысенко Андрейс. Цо дийцарехь, Iедалан ницкъаша «юхадетташ ду, шаьш хIаллак а дойтуш, сепаратисташа деш долу тIелетарш». Лысенкос билгалдаккхарехь, Донецкан аэропортехь хьоьттина хьал вуно чолхе ду.

Герзаш деттар а, тIелетарш дар а совцуш дац, делахь а тIеман буьйранчалло саццаза герз а, молханаш а кхин долу оьшург а латтош ду цу меттехь болчу Украинин эскархошна. Украинин къоман кхерамазаллин кхеташоно бинчу хаамца, сепаратисташа герзаш деттар бахьана долуш тIаьхьарчу дийнахь-бусий Донбассехь вийна Украинин кхо эскархо, 18 чевнаш йина ву. Шоьтан Iуьйранна, Донецкан халкъан республика олучу тобанна тIе а тевжуш, Интерфаксо хаам бира сепаратисташ дIалаьцна Донецкера аэропорт аьлла.

XS
SM
MD
LG