ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорна дуьхьалхIиттаре кхойкху Евроберто


Евробертан арахьарчу юкъаметтигийн урхаллан куьйгалхочо Могерини Федерикас дIахьедина пачхьалкхашка, бусулба мехкашка а тIехь, террорна дуьхьалояран юкъаралле кхойкхуш. Иза цо дузу Францехь кIира хьалха лилхинчу талорашца. Европерчу мехкийн арахьарчу гIуллакхийн министршца а, Iаьрбийн Лигин инарла секретарца а къамелдеш оршотдийнахь Брюсселехь бина шен кхайкхам Могеринис.

Антитерроран коалицино бусулба мехкашца а, Евпропехь бехачу бусулбанашца а бертахь бан беза шен болх, бохура цо. Парижехь лилхинчу бохамаша кхерамтосу Евроехь бехачу а, Шемахь, Иракъехь тIемаш а бина, цIаоьхучу а исламистех зуламаш довларна.

Иштта Европан дипломатийн тергонехь яра юкъаметтигаш гIоьртина лаьттачу Оьрсийчоьнца, Чиллан-баттахь Евробертан саммит йолаелча, машаре къамел дан эшар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG