ТIекхочийла долу линкаш

Г1ажаройн Революцин гIаролхой белла Шемахь


ГIажарийчоьно бакъдина Шемахь Израило тоьхначу ракетех шен Революцин гвардера тоьлла эскархой балар. КIирандийнахь оццу тохаршкахь вийна Либанерчу шиIатойн Хьизболла тобанера массех декъашхо а. Террорхошна дуьхьаллаьтташ гIазот хилла байинарш, аьлла дIахьедина гIажаройн инарлаша.

Ракетех иштта велла 6 шо хьалха вийначу Хьизболлан штабан коьртехь лаьттинчу инарлан воI-эпсар а. ГIажарийчоь а, Либанера Хьизболла а ю Шемин диктаторехьа Асад Башарехьа.

XS
SM
MD
LG