ТIекхочийла долу линкаш

Амриев Мурадан кхел тIехьатеттина


Ша полицино вадорах а, шена тIехь гIело ярх а лаьцна спортхочо Амриев Мурада динчу дIахьедарх долу дов листа долор тIехьатеттина Соьлж-ГIаларчу Ленинан кIоштан кхело.

ТIехьатеттина Каляпин Игора куьйгалла дечу «ГIелонна дуьхьалояр» цIе йолчу юкъараллерчу адвокато Рыжов Антона хаам барехь, шен цIе цIанъян гIертачу полицин векал кхеле цаварца доьзна.

Каляпинан юкъаралле, ша полицино хьийзаво аьлла, арздинера Амриевс цхьа шо ах шо хьалха. Цо шайн сий дожош, доцург дуьйцу аьллла, полицин белхахой бевлира кхеле стохка аьхка. Оцу хенахь дуьйна схьадахьаш ду довталлар. РогIера ладегIарш хила деза 20 де даьлча.

XS
SM
MD
LG