ТIекхочийла долу линкаш

Соьлж-ГIала: "Суна дукха веза Пайхамар" гуламехь


Оьрсийчоьнан мехкашлахь уггаре а луьра Iедало шена кIел лаьтточу Нохчийчоьнан шахьарахь Соьлж-ГIалахь тIехбоккха гулам хIоьттира оршотдийнахь Пайхамарна дуьхьал Малхбалерчу сатирикаша йохку карикатураш бусулба нахана цатар гойтуш.

ТIаьххьарчу заманахь оццул нах губелла бац Оьрсийчохь протест дIакхайкхон.

Кремло даржехь кхобучу мехкан администратора Кадыров Рамзана гуламехь динчу шен къамелехь бехкейира Малхбале, иза Парижехь хиллачунна бехке ю, цо карикатуристаш шен хенна ца сацийра, цо бусулба къаьмнаш дардо шайн геополитикан новкъах болу пайда бахьанехь, аьлла.

«Массо а бусулба нехан цIарх бу тхан гулам. Иза дуьнентIехь динца боьзна тIом гIатто гIертачарна дуьхьал бу», бохура Малхбалено шена а, ша адамийн бакъонаш хьоьшуш хиларна, санкцеш кхайкхийна волчу Кадыровс.

XS
SM
MD
LG