ТIекхочийла долу линкаш

Нохчашлахь наггахь бен хьалха заманашкахь нисдала ца торург. Доьзалехь а доцуш ша дина бер, эхь къайла хьош, нехаш юхкучу дIакхоьссина Соьлж-ГIалахь цхьана цхьана зудчо. Карийна и зуда. Карийна берана а, шен цIийх яцахь а керла нана а.

Деношкахь Соьлжа-ГIаларчу «Беркат» базарахь нораш хьекхучу хенахь коммуналан Сурсад урхаллерчу шина белхалочунна нехийн яьшкичохь карийна хIинцца дуьненчу даьлла жима бер.

Цу сохьта цаьршимма хаам бина Iедалерчу нахе, иштта кхачийна бер дарбанан цIийне. Бер охьадиллина йоккха юкъ ца ялар бахьана долуш, жимма шелделла, кхи зен ца хуьлуш даьлла и.

Дарбанан цIийнехь болх бечу Сумбулатова Заирин йишас Мархас дуьйцу шена Заирас ма-дийццара.

Олуш ду, цхьа вон доцуш дика ца хуьлу, ах сахьт хьалха къизачу зудчо, шен эхь хьулдеш, ненан марзонах ваьккхинчу кIантана карийна керла хIусам а, кхечу зудчуьнгара ненан марзо а.

Амма хьоьгийла дац бер дIакхоьсинчу ненах, полицин векалш дера бу, и карийначу дийнахь уггар луьра таIзар дан лерина а бу уьш.

Бер дIакхоьссина нана лоьхуш къа хьега а ца эшна. Шен гира эхьана беза мохь охьабиллинчул тIаьхьа, цIий дIаихина, дог а малделла, охьайоьжначу цунна лоьрийн сиха орца кхаьчна, цунна ша-шех хилларг хIун ду а хаале, кхачийна Соьлж-ГIаларчу Дарбанан цIийне. Циггахь гучудаьлла цо къайладахьа леринарг.

Нохчийчохь иштаниг сихонца гIарадолу, хаамаш Ватс Апо Iорабоху.

Дарбанан цIийнан хIусамехь система хIоттийна Iуьллучу жимчу зудчуьнга хеттарш до Iедалан белхахоша, амма цкъачунна я кхетамчохь яцахь а, я ша динчо эхьдоссийна елахь а, багара жоп ца долу цуьнан.

Нохчийчохь хIара санна хIума иккхича, кар-кара оьций, массара а луьстуш, чекхдоккху. Тахана а дицдала тигац дестечо мерайоьIана еттарх лаьцна.

Маршо Радиоца хиллачу къамелехь тайп-тайпана яра дог-ойла тергамчийн.

Жимчу АтагIарчу яхархочо Дукаева Хьалимата бехк зудчан хила а ца Iаш, оцу беран ден а хета шена боху.

Шех схьадаьлла бер лендолчче дIа а кхоьсина, шена дарба лаха араяьллачу зудчуьнга къаьсттина цабезам гIаьттина, масала, Маршо Радиоца къамел дечу Соьлжа-ГIаларчу Мадаева Iайшатехь.

Нехан тоьшаллаша а, хIоьттинчу суьрто а гойту бер дина нана я наналла оьшуш а, я оьздангалла шеца тоъал хилла йоцийла. Халахеташ делахь а, кхузаман битам бу хилларг. Бер къайлаха дан а дина, дIакхоьссинчо дуккха а дукха тахана нахера юьйлучу ледарлонийн, харцонийн терахь дуьзна. ГIиллакх-оьздангалла хьашарна дерг наха кхин а хазор ду. Иштта шен дош эр ду кестта низамо а.

Димаева Лиза, Маршо Радиона леррина, Нохчийчоь

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG