ТIекхочийла долу линкаш

Ши японхо вен кхерам бу "ИП-но"


Интернетехь видео яржийна «Исламан Пачхьалкх» олучу тIеман тобано, ша закъалте эцна ши японхо вен кхерам тосуш. Уьш кхелах хьалхабохург 200 эзар доллар охьадилла деза де-буьйса далале, боху видео яьккхинчара. Даима а иштачу хьелашкахь ма хIоттара, карахь урс а долуш, лаьтта голатоьхначу шина японхочунна уллехь Iаьржа духарахь волу террорхо.

Японера кхочучу хаамашца, Дзёго Гото а, Юкава ХIарун а ву лаьцнарг. Токиохь шинарийдийнахь оцу хьокъехь къамел динчу Японин премьер-министра Йошихиде Сугас дIахьедина, шен пачхьалкх террорхошца къийсамехь а ю, юхаяла лерина а яц, аьлла.

XS
SM
MD
LG