ТIекхочийла долу линкаш

Кхаа нохчочунна а кхел ю еш Пугачев-гIалахь


Саратовна гергарчу Пугачев гIалахь десантхо Маржанов Руслан верах долу кхаа нохчочун дов кхеле хьажийна Талламан комитето. Хайдаев Руслан, НазировгIар - Хизар, Хьамзат бехкево стагах латарна а, иза вьуйш дакъалацарна а. Маржанов верна куьг бехкелору оцу кхааннан гергара кхиазхо набахте хьажийра Пугачеврчу кхело бутт хьалха, 9, 5 шо хан а тоьхна.

XS
SM
MD
LG