ТIекхочийла долу линкаш

Пайхамаран сий лардарх а йина политика...


Нохчийчоь -- Нохчийчуьра бусалбанийн гулам, 19 Деч2014

Нохчийчоь -- Нохчийчуьра бусалбанийн гулам, 19 Деч2014

Шина тайпа хьажам карабо Нохчийчоьнан бахархошкахь оршотдийнахь Соьлж-ГIала цхьана а хенахь ца хиллачу барамехь дукха нах гуламе бахарх лаьцна. Бусулбанашна массарна а веза ву шайн Пайхамар, цуьнан сий Iлашдар. Делахь а...стенна, хьанна оьшу и тайпа барамаш бохучух ойла а йо наха.

«Далла дика хаьа, иза сиха вац. цо бекхам бийр бу бехкечарна» аьлла, кхин шайна дIоггара даз а ца деш, дуьтур дара, “Шарли ХIебдо” журнало беламе суьрташ зорбане дахар». Иштта хеза дуккхъачаьргара.

Цхьаболучара кхетореххьа-ма и суьрташ дохкуьйтуьрш а, арадаьхнарш а байар чIогIа нийса дина хIума ду. Кхечара тидарехь тайп-тайпанчу динан агIончаш вовшашца эгIо, царна юкъа цимтаса , хIуьттаренна дина хIума ду «Шарли» журнало Пайхамар (Д.с.м) аьшнашван шена магадар. Цу кепара морзахе хьажам-ойланаш дукха ю.

Мухха делахь а, бахьана иза а долуш, официалан кхайкхорца цхьа миллион сов адам дIа а гулделла, Iаламат боккха гулам дIабаьхьна Соьлж-ГIалахь, Iедалан балхахь мел болчарна цигахь хилар тIе а дожош.

Шайца лаххаре 50 стаг а волуш, цигахь хила безаш бара, масала, юьртдай. Хьукхмат-урхаллаш дIа а къевлина, ГIала дIакхачар тIедожийнера массо тIегIан белхошна. Бераш дешарх мукъа а даьхна, гуламе хьовсийнера ишколашкара хьехархой а, хехой а, кхиболу хьашт-дезарш луьстуш болу белхой а. Мел жимачу кIоштан а гIантда декхаре винера лаххара а 10 эзар стаг бусалба нехан гуламехь хилийта.

Керла ца хилла уьш цига дIакхачор а. Кху тIаьхьарчу хенахь, даима а санна, уьш шайн чоьтах кхевчча ГIала. Хьехархойн а, лоьрийн а биста кхаччалц - массара а шайн кисинара ахча а луш, кечйина бес-бесара баннерш, транспоранташ, баьццара байракхаш. Соьлж –ГIала адам дIаозарх дуьйцуш ю Новр-кIоштара яхархо Йисита.

Йисита: «Балха тIера лаахь а, ца лаахь а буьгуш берш а бу. Шайн лаамца боьлхурш а бу. Нахана чIогIа новкъадеана Пайхамар аьшнаш вар (Д.с.м.). Баккхийнаш а тIехь , дукха адам дахана цига. Бусалбанаш а, керстанаш а эгIон лелош хIума дуй те аьлла а хета».

Францехь Пайхамар (Д.с.м.) беламе гайтар бартбохош хIума хиларал сов, дехьа-сехьа валаран политика хийцарна тIехьажийна лелош дуй те аьлла а хета цкъадолчунна шена иза бохуш, шеко кхобучех ву Нохчийчуьра Шовхалов Хьасан.

Шовхалов: «Тахана цара лелориг барт бохабар ду. Шаьш бусалба нах тIеоьцуш дIакхехьна миграцин политика кхидIа ца яхьаяларрий, оцу бусалба нахана хIун дича дуьхьало ялур яра те аьлла, царех цхьа вариант юй те аьлла шек а ву со».

Маршо Радио: И гIуллакх Iотта-баккхаме а ца доккхуш, айа а ца ойуш, дитинехь гIоле хир дацар техьа?

Шовхалов: «Иза-м дуьтур хир дара, цигахь а, хIора меттехь а, адам эделла дехаш дацахьара… Циггахь, лулахь охьахиъна а хилча, балхахь цхьаьна а хилча , тIаккха цунна уллехула ца валало, шена Iоттар йича муххале а….».

Нохчийчохь гулам бан ца богIура аьлла хетачех ву таксилелорхо Паша. Цо дийцарехь, ницкъала герзаш тIедетташ, Нохчийчохь маьрша нах бойучу хенахь ца гIаттийна адам тахана гIатто оьшуш дац.

Шаьш Соьлж-ГIала дахарх а, могIарерчу нахана хетачух а дуьйцуш ю Соьлж-ГIалин кIоштара яхархо Луиза.

Луиза: «Дерриг адам гIаьттина, дIагулделла Соьлж- ГIала. Пайхамар аьшнаш вар чIогIа новкъа а деъна, гуламе бевлла нах, тхешан аз дуй хаийта, даггара арабевлла вайнах а, кхиберш а. Бусалбанаш а, керстанаш а эгIо, церан юкъаметтиг талхо тесна питана ду. Уьш хIинца турпалхой а бина гойту, и карикатураш йинарш.

Цу Парижехь байина нах уьш бахьнехь байина. Царна тIехь ду цу байинчийн цIий. Цхьана а дино а ца боху кхинарш сийсазбе, лахара хета. Массо хIуманан а доза ма ду. Оцу дозанах тIехваьлча, собар доцург, эккха кечвелларг оьккху. Питана таса дезаш ца хиллера. Новкъадерг и питана тасар ду-кх».

Цхьаболучара кхеторехь, дуьне теш а хIиттош, бен-бечу бахьанашца, юх-юха а Соьлж-ГIала адам дIаийзар, кхузахь урхаллехь болучарна тайна а, дезаделла а хиларан тоьшалла ду цу кепара къам дIагулдар хIора шарна аалсамдалахь бен лахлуш цахилар.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG