ТIекхочийла долу линкаш

Уггаре "ирсечу" махка къоьлла юссуш лаьтта


Нохчийчоь -- Болх лоьхурш, Соьлж-ГIала, 20Гез2014

Нохчийчоь -- Болх лоьхурш, Соьлж-ГIала, 20Гез2014

Малхбалено тоьхна санкцеш шайн дахарехь ца хаалуш ца висина Оьрсийчохь стагга а. Муха го санкцийн ларш Нохчийчохь? а. Кремл мел и хьал къайладахьа гIертарх а гуш ду къоьлла юйла бахархойн доьзалшка юссуш.

Дукха хан йоццуш, NewsEffector агенталло хIоттийначу «ирсан» рейтингехь Нохчийчоь хьалхарчу меттехь яра. ЖамIдеш цара тидаме эцнера бахархойн дахаран аьхналла, Iаламера хьал, тоьлла-тоаме кхерамзалла махкахь хилар.

Дуккхаъчу тергамчаша шеконе биллинера хIетахь NewsEffector-ан и бIаьрла хаам.

Ирсечу халкъалахь хир яц белхан меттигашца къоьлла, нах байарш, лецарш, лелхарш-лелхийтарш, уьдур бац дикачу мехкан бахархой хийрачу пачхьалкхашка баха, я оьхур бацмохь: «Къоьлла кхидIа ца кхехьало»...

NewsEffector-о Iедалера боцчу Нохчийчуьрчу зударшка я божаршка хаьттинчух тера а дац, юй хьо, вуй хьо ирсе, кхачо юй даарца-маларца.

Шегарчу мисканалло сакхачийначу Соьлж-гIалин яхархочо Муслимова Зараъа яздина кехат тоьхна «Даймохк» газето шен агIонтIе.

Цо яздо: «ТIеман шерашкахь, бутт кхаьчна кIант байлахь а вуьсуш, кхелхина сан цхьа воI. Ши йоI, кIант ду машенца хьовзам а хилла, заьIап висинчу шолгIачу сан кIентан.

Тхан халачу дахарах едда сан ший а нус а. Меттара кIант а, хьажа да воцуш, дисина диъ бер а охьа а кхоьссина, сан яда меттиг бац. Сан пенси 5 эзар сом а дац, ткъа цунах хене дала дезаш дисина тхо 6 адам, цу тIе, молха-дарба оьшуш лазархо а ву».

КхидIа а яздо Муслимова Зараъа: «Нохчийчохь цхьа а вер вацара-те суна соьгахь йолчу корматалле а хьажина, болх суна бала а, сан доьзалан бала кхача а? ВаллахIи, соьга кхин дIа-м ца кхехьало кьоьлла!»

Иштта бу нохчийн зудчун даго орцанна бетта мохь. Амма бакъду, оццу лазамашкахь беха доьзалаш дуккха а бу Нохчийчохь, ахь бала а кхаьчна, нахе ладоьгIча.

Маршо Радиоца хиллачу къамелехь Жимчу АтагIарчу яхархочо Атабаева Зулайс доцца, амма чулацаме жоп делира шен Iер-яхарх лаьцна динчу хаттарна.

Дуккха а хезар бу хаза луучунна и санна леткъамаш Нохчийчохь. Вуно жима ша йолуш тIера цIийнда велла, кхаа доьзалца ша йисинчу Тамарас а лайна ша боху массо тайпа къоьллин бала.

Халачу хьелашкахь хьалакхиина доьзал гIиллакхе а, оьзда а хуьлу, чIана алссамъяьллачу доьзалшкахь кхуьучарел, бохуш дуьйцу цхьаболчу тергамчаша. Цара чIагIдарехь, бахамо стаг паргIатвоккху вонах а санна, диканах а. Шена хIуъа а лело, дан а могуьйтуш, паргIатвериг алссам нисло хьолахошлахь, аьлла ду говзанчийн зераш.

Амма кхеташ дац, и терахьаш хьенах дагабовлуш схьаоьцу NewsEffectorо а, иштта кхечу харц агенталлаша а.

Ткъа Нохчийчохь къоьлла яц, къам ирсе дехаш ду бохург, туьйра ду, Кремлан политикан хьаштех жайна а дина бехачара кхоьллина туьйра.

XS
SM
MD
LG