ТIекхочийла долу линкаш

Лавровс бехкейо Iамеркан Штаташ...


Кхаарийдийнахь шен пресс-конференцехь Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс дIахьедина, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташ дуьненна тIехь урхалла дан гIерта, Оьрсийчоь дуьненах а къастош, цунах гIуллакх хир дац, аьлла.

Берлинехь кеста Украинерчу конфликтах а, Кремл цунна юкъагIертарх а лаьцна хила дезачу дийцаршка ваха кечлучу президентна Путин Владимирна хьалхара дича санна нисло Лавровс шен къамел, билгалдоккху дуьненан зорбано. «Оьрсийчоь Донбассера дов дерзийта а гIерта, Украинан цхьааллехьа а ю», бохура Лавровс, амма цигахь хьал тIаме дерзорна бехкейира Малхбузе.

XS
SM
MD
LG