ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кризисах хьалхаяьлла Iамерка


ТIаьхьарчу заманахь хилла а йоцчух кIаргъелла лаьттинчу экономикан кризисо дIахецна Iамерка, цуьнан IиндагI юхадаьлла, хIинца пачхьалкхан хьал тоьлла ду, элира президента Обама Барака ша халкъе шаран коьртехь деш хуьлучу къамелехь. «ХIинца зама кхаьчна вайна тIемех а, хьолан халонех а паргIатдовла, дахаран мур хийца», бохура президента.

Арахьарчу дуьненца лелае юкъаметтигаш хьахош, Iамеркахь тоьллачех хила беза тIеман ницкъаш а, дипломатин гIирсаш а, бохура Штатийн куьйгалхочунна. «Оьрсийчоьно Украина санна, яккхийчу пачхьалкхаша шайл кегий мехкаш хьеша гIертар харцо ю, Вашингтон реза яц иштаниг лан, элира Обамас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG