ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Велла доьзалх дийна висина хилла эрмалойн кIант а


Эрмалойчуьрчу Оьрсийчоьнан базехь гIуллакх дечу салтичо Пермяков Валерийс Гюмри гIалахь, нехан чу а иккхина, 6 стаг вуьйш, доьзалх дийна висина хилла 6 шо кхаьчна кIант Аватесян Серож а хиллачу чевнех велла дарбанцIийнехь. Бер дIадуллучу вахара кхаарийдийнахь Эрмалойчоьнан президент а, кхиболу куьйгалхой а.

Пермяковс динчу зуламо гIовттийна иттаннашкахь эзарнаш эрмалой. Цара декхарейо шайн пачхьалкх, зуламхо Оьрсийчу дIавахана бекхамах хьалха а ца волуьйтуш, цунна кхел ян.

Москохца хиллачу бертаца а догIуш, оьрсийн тIеман трибунало Эрмалойчохь йийр ю Пермяковна кхел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG