ТIекхочийла долу линкаш

Пхи нохчо лаьцна латтаво Францино


Францин Iедало бакъдо пхи нохчо шен карахь хилар. Оьршоьтадийнахь Монпельехь лаьцна Безье гIалахь веха Исамаилов Зеламха. Цунна бехкедо террорана кечамбеш хилар. Цуьнца цхьана лаьцна кхин а виъ, цхьаъ царех Австрехь веха, хаам бина нохчех лаьцна францхошка хаттамбинчу Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло шен сайта тIехь.

Оцу веаннах шеко ю Францерчу полицин, тарло уьш Парижехь терроран зулам дечу муьрехь кху беттан юьххьехь вийначу Кулибали Амедица зIенехь хилла хила, яздо Францерчу зорбано.

XS
SM
MD
LG