ТIекхочийла долу линкаш

Школашна "комиссараш" ца оьшу - оьшу таронаш


Нохчийчоь -- ГIаттамхошца полицино тIом беш йохийна школа, Соьлж-ГIала, 5ГIу2014

Нохчийчоь -- ГIаттамхошца полицино тIом беш йохийна школа, Соьлж-ГIала, 5ГIу2014

Даима яппарш хеза баккхийчаьргара, «оха доьшучу хенахь», «тхо кегий долуш», «тхан заманахь», бохуш. ХIетахь дерриг хилла кхечу кепехь, кхечу низамийн гурашкахь. Ткъа тахана гучу суьртехь дешарна херделла бераш. Цхьаболучара бехкейо интернет, телефонаш, вукхара телевизор.

Дайша-наноша бехк школана а, хьехархошна а тIе буьллу, хьехархоша дерриг, дика а, вуон а шен чуьра схьа ду олу.

Бехкениг адмаша лоьххушехь, мохо хьош санна, уьду шераш, бераш цхьана классера вукху классе а дуьйлуш.

Дахначу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен тидаме эцнера доьшийлаш, ша хIора доьшийле шен комиссараш хьовсор бу, дешархойн хаарш лахдаларан бахьана гучудаккхахьама, аьлла.

Амма хьехархойн леткъамашка ладоьгIча хаало, цул тIаьхьа хьал эшаррий бен, тоделла цахилар.

Маршо Радио хьошалгIахь хилира Веданарчу цхьана юккъерачу школехь. Къамелехь дакъа лаьцна хьехархой йоккха белхан корматалла йолуш, 40-45 шераш бераш кхетош-кхиорехь белхаш бина нах бара.

Юьхьанцарчу классашкахь берашна хьоьхучу Сатаева Зулпаа дуьйцу, ша болх бан йолаеллачу шерашца дуьстича, кхузаманан дешархойн хийцаеллачу амалех лаьцна.

Хууш ма-хиллара, муьлххачу а заманан дахарехь къам кетош-кхиорехь, коьртаниг дешар, Iилма а ду. Ткъа кхачаме дешар шена цхьана стагана эшна Iаш дац, иза ерриге юкъараллина а оьшу. Хьехархочунна Селихова Табарикна хетарехь, дуккхаъ дай-наной бу берийн кханенан ойла ца еш.

Амма сингаттамехь бу лакхарчу классийн хьехархой, хIунда аьлча, дешархойн хаарийн мах хадоран коьрта кеп хилла дIахIоьттина пачхьалкхан юкъара экзамен яла хан ю герга кхочуш. ХIоранна а царна беза «юьхькIам» шаьш хьалхатеттинчу дешархошкара.

Аьлла хетта, оццул хьехархоша са гатдеш хилча, дешархошкахь и сингаттам кхин а сов хир бу. Къамел караэцначу оьрсийн метан хьехархочо Батырова Азас шеконаш цхьалха ехира.

Маршо Радион хиллачу къамеле шена бераша дешарна букътохаран бахьанаш иштта го аьлла дийцира лакхарчу классерчу дешархочун нанас Саиева Раисас.

Кхуьучеран карахь ю кхиаза кхане. Бакъду, дешаран шо, хьажа везачу книги тIе а ца хьожуш, Iамо дезарг Iама а ца деш, "Дешнарг а велла, цадешнарг а велла" – бохучу хьекъал доцчу кхетаме а гIерташ, пачхьалкхан юкъара экзамен дIаялар-м хIунда дуьйцу, Нохчийчоьнан кхане а хир ю беркъа.

XS
SM
MD
LG