ТIекхочийла долу линкаш

Даккхий ду Донбассехь тIеман дараш


Европан кхерамзаллехула, цхьаьнаболхбарехула йолчу организацин леринчу векала Бочуркива Майкла далочу терахьашца, Донбассерчу конфликтехь велла 5000 сов стаг, иттаннаш эзарнаш лазийна, миллион гергга ву хIусамах воьхна.

Би-Би-Си-но хаамбо, кхаарийн буса - еарийдийнахь байинчех лаьцна – 34 стаг. Царалахь бу Донецкана тIе яккхийтоьпаш тухуш белла маьрша нах. Итт салти вийна Украинан эскархойх Донецкерчу аэропортна гонаха.

Шайх итт стаг вийна боху Донецкан республика олучу сепаратистийн баьччанех волчу Басурин Эдуарда а. Луганскехь йийна цхьа маьрша яхархо.

Донецк-гIалин бахархошна тIе герзаш тохарна бехкебо сепаратисташа Украинан эскархой. И аьлла ду Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министра Лавров Сергейс дина дIахьедар а. Ткъа Украино бохамна бехкейо тIом дIабахбеш хьийза аьлла Кремл.

Берлинехь Украинера конфликт йийцареен пачхьалкхийн арахьарчу гIуллакхийн министрш гIайгIане баьхна Донбассерчу керлачу хиламаша.

XS
SM
MD
LG