ТIекхочийла долу линкаш

"Исламан Пачхьалкх" йохо некъаш лоьху Коалицино


«Исламан Пачхьалкх» олучу Малхбалерчу тIеман тобанашна дуьхьал лаьттачу 20 сов мехкийн лаккхара хьаькамаш гулбелла Лондонехь коалицино бечу белхан Iалашонаш йийцаре ян.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн пачхьалкхан департаментан инарла секретар Керри Джон а, Вашингтонан дипломатийн буьйранча ХIаммонд Филипп а вара еарийдийнан конференцехь дакъалоцуш. Иштта къамелехь ву Иракъан премьер-министр ал-Iабади ХIайдар а.

«Исламан Пачхьалкхана» хуьлучу ахчан бух таллар а, арахьара тIемалой цунах беттабалар сацор а ду дийцарехь. Иштта тергонехь ду гуманитаран гIо Иракъе, Шема кхачор а.

XS
SM
MD
LG