ТIекхочийла долу линкаш

ГIиллакхо тоьлла хила декхарево, амма хала ду иза лело...


Нохчийчоь -- ГIиллакхан васт хIоттош, Ненан меттан Де. Соьлж-ГIала,25Заз2014

Нохчийчоь -- ГIиллакхан васт хIоттош, Ненан меттан Де. Соьлж-ГIала,25Заз2014

ХIун хуьлуш ду нохчийн къомах? Стенна телхина цуьнан дакъа, хIунда ца бо дайн гIллакхийн ларам, муха мега оццул боьха лела, эвхьазбийла?... И тайпа хеттарш гIовттийна юха а деношкахь Соьлж-ГIалахь нехийн гIутакхахь дIакхоьссина бер карадаро...

ТIехула, цхьа веддавоьддушехь бен тидам ца бича а го аьлла хета, тахана нохчийн юкъараллехь тергаллучу хьолан, яханчу хенаца дустар а далош, хьо мах хадо воьлча, ур-аттала 20-25 шо хьалхалера хан а хаъал гIолехьа, гIиллакх-оьздангаллин, нохчаллин ала цунах, хоршахь карайо.

Вайнахалахь бIеннаш шерашкахь даьхна ламаст-гIиллакхаш, Iадаташ хан мел ели а дайлуш, шайн семанна тIера дIашершина догIуш хилар, официало хьехош а, я дийцаре деш а доцуш, тайп-тайпана кхетадо Нохчийчохь.

Юкъарчу транспорта тIехь, боьлхуш-богIуш, кегийрхой баккхийчаьрца лераме цахилар, царна юкъа эвхьазалла йолар, цхьа чулацам а болуш, хьекъало мел сагатдеш бацахь а, массарна гайта лууш, васхалбовла уьш кийча хилар, нохчаллех херлуш хилар цхьаболучара кхетадо сиха, керла-керла къайленаш йостуш, кхуьуш йоьдучу замано бечу харц тIеIаткъамца.

Кхечара, гIиллакх-оьздангаллин бух доьзалехь, бераш кегий долуш дуьйна, боьттина хиллехь, таханлера сурт хир дацара бах. КхоалгIачара - хьехархоша а, яздархоша а - ненан мотт бицбаларца, цунах шуьйра пайдаоьцуш цахиларца дузу нохчийн гIиллакх-Iадаташ, дайдалар а, цадовзар а. КхидIа а ягарьян йиш йолуш, цу декъехь дуккха а ю бен-бен хьажам-ойланаш.

Ишта, шатайпа дуьйцу Шелан кIоштан вахархочо, Висанис, гальяьлла йогIучу нохчаллах а, юкъараллехь яьржина йогIучу эвхьазаллах а. «Суна хууш тхан юьртахь,-боху цо, - кху тIаьхьарчу иттех шарахь доьзал ца хуьлучу наха 15-16 бер далийна-кх, ахча а луш, эца а оьцуш. Уь мичара девлла, дуьнентIе муха девлла?

Бакъдерриг аьлча, маьхьарза дуьнентIе даьхна къотIалгIа дина бераш ма ду уьш. Кхоьллинчу Дала царех лартIахь, ийманехь адамаш хуьлуьйтийла! Вай дуьйцург и дац. Цу кепара, къайлах-къулах деш долу бераш лахлуш муххале а дац боху, мелхо а дебаш ду боху. Цу хIун гойту? Дера гойту вайн юкъаралла вон лазар кхетта, цомгуш хилар».

Шовзткъе кхаа шарахь, тIаьххьара 13 шо боберийн цIийнехь хьаькам а волуш, бераш а, кхиазхой а кхетош-кхиорехь къахьегна ву Теркйистера педагог, историк Юсупов Руслан. Цхьаболу шен махкахой гIиллакхах, нохчаллах боьхна хиларан тоьшалла далош цо дийцира, шайн синан а, дегIана а атто лоьхуш дIало цхьаболчу дай-наноша шайн бераш кхиадайта а, Iалашдайта а Iедале бохуш.

Юсупов Руслана санна, масалш а далош, шовкъе дуьйцура цхьаболучара вайнахалахь тардала йиш йоцчух, даима а эхье лоруш хиллачех. Царех ю цхьана берийн цIийнера хьехамча Медент а. Кху деношкахь нисделла хIума ду цо далхориг. Ала дашна, Соьлж-ГIалин кIоштан Iалхан-юьртара ялийна кхо йоI берийн цIийне, цо хаам барехь.

Юкъараллин дахар тида а, кхето а охIла болчу говзанчаша къаро а еш, вайнехан гIиллакх-Iадаташна дика а, вон а тIеIаткъам бан тарлуш бахьанаш дуккха а ду. Цара кхеторехь, атта гIуллакх дац «хIара коьрта ду, дIониг коьртаза ду» аьлла, цхьа къастам бан.

XS
SM
MD
LG