ТIекхочийла долу линкаш

Къам, Мотт, ГIиллакх, Нохчалла... - уьш хьанна оьшу?


Нохчийчоь -- Нохчийн Меттан дийнахь, Соьлж-ГIала, 25Оха2014.

Нохчийчоь -- Нохчийн Меттан дийнахь, Соьлж-ГIала, 25Оха2014.

Вешан къомерчу хьолах, цуьнан маттах, гIиллакхех сагатдо вайх хIораммо а. Иштта хилла ду даима а. Муха хьажам бу нохчийн шайн къоман хазанашка? Уьш хьашт елахь, муха Iалашъян еза? Оцу хьокъехь ду хIара къамелаш...

Ткъа иштта баккхий кхин эшамаш а беъна тIемаша – шагдина адам, малбина юкъара ларам, гIиллакх-оьздангалла. Хьалха иштта дацара вай, тоьлла амалш йолуш дара, олу хийлачо.

И стенна олу? ХIун ду эшна? Къамелна бухбуьллуш ду Маршо Радион Веданахь ехачу 80 шо долчу Совдица хилла къамел. Хийцаделла адам, селхана лелла тоьлла ламасташ дуьтуш лаьтта цо, боху йоккхачу стага.

Совда: «Хьалхалера амалаш хIинца цхьаьнгахь а ян ма яц хьуна. Я воккхачехь а я жимачехь а.

Баккхийнаш хаза гIиллакх долуш хилара тоххара, зуда ялийна жима стаг лечкъаш хуьлура, нускал а иштта лечкъаш хуьлура, дуьхьал кирхьа а уллий. Дукха хаза гIиллакхаш дара хIетахь.

Хаза ловзар хилара, синкъерамаш. Цхьана агIор ховший зудабераш, вукху агIор божабераш. Юккъехула лелаш геланча хилара хелхабохуш. Цхьа йоI хелхайолуш, оцу йоьIана тIехьийзаш волчу кIанта юккъе ахча тосура, геланчас и ахча схьа а лахьадой, инарле дIалора. Цо шена йогIу процент схьа а оьций, ахча долче юха лора.

Хаза гIиллакхаш дара. ТIе хабарш кхоьхьуьйтура зудаберашка, геланче хоуьйтура, йоIе са къерийта шега олий, геланчас йоIана тIе дIахьора и кIентан хабар. Воккханиг хелха волуш кегийнаш ларамца хьалагIоттура. Борша стеган амалаш чIогIа дика яра хIетахь. Кегийнаш кхетабора, шу ишта хила деза, вуьшта хила деза, олий, ХIетахь ла а догIара воккхачуьнга.Х Iинца жимчо воккханиг лоруш вац я воккхачо жиманиг а.

Лерам бац хIинца цхьанне а агIор. Тоххара воккханиг новкъахь вогIуш гича, цуьнан карахь белахь тIоьрмиг схьаоьцура, цунна улле волий гIо дора. Говрахь вогIу жима стаг, воккханиг дуьхьала кхетахь, говрара охьавуссура. Ишта цхьа хаза гIиллакхаш дар-кх хIетахь.

Бер карахь зуда йогIуш, воккхачу стагах бIаьрг ма-кхитти, карара бер охьа а дуьллий юьстах йолура къона нана. Воккхачу стага и бер схьа а оьций, цу ненан кара юха дIалора. Тезет делахь юьртахь, говра ца хаара стаг. Шо зама а йолура говрахь стаг кетIах ца волуш. Кертахь велла стаг хилча - Iаьржа лелор дара и. Томехь гIиллакхаш дар-кх хьалха. ХIинца-м гIиллакхаш дац.

ХIетахь вовшийн чу а доьлхуш, марзо яр-кха. ХIетахь нускал гучу ца далара мардена а, марнанна а цхьа хан яллалц. Гучудоккхуш дихкина йовлакх хилара чIениг кIела, иштта лечкъина хилара нускал далийнарг а. Доьзалхо дуьххьара гучуваьлча а лечкъара цхьа зама яллалц.

Юха чу йоьдий марнанас, и бер схьа а оьций эвхьаза йоккхура нус шеца. Дуккха а адара хьалха хаза гIилакхаш. Тахана зударий хийцабелла. Чура гIуллакх дан а ца ларабо. Беш ца лелайо, котам ца лелайо, бежана ца леладо. Шайна атта Iаш бу, тилпоншакахь бу, гоьлтIе ког а баьккхина шайн телевизорчу а хьоьжуш Iаш бу».

Веданарчу Совдийн воI лара а тарло, шераш дуьстича, Праге Австрера, Маршо Радион хIусаме хьошалгIа веъна Аьрсбин Абубакар.

Жимчу АтагIара ду Абубакаран схьавалар. 20 шо сов хьалха нохчаша маршонан некъ болош, оцу некъан коьртехь лелла а, Iедалан гонехь белхаш бина а, махкахь тIемаш лаьттачу муьрехь, къонахий лаьттинчу бIаьхой могIаршкахь лаьттина а ву иза.

Оха доггаха хьаша вина иза тIеэцар бахьана ду цуьнца шен цIийх а ийна нохчалла дехаш гар, цунна наггахьчунна а хууш боцчу кепара шен ненан мотт хаар, цуьнгахь тхайн къоргга иман гар а.

Иштта ду тхан студичохь Аьрсбин Абубакарца хилла къамел.

Абубакар: «Дукха хьолахь, вайн нахана и цхьа харц ойла, зуламе ойла стенна тIехь ю аьлча, суна-м нохчийн мотт хаьара, и «средах» «кхаарийн де» олий а хаьа суна бохуш, и шена хаар хьалха а даьккхина, буьйцуш берг гIазакхийн мотт бу. Ахь «среда» аьлча, оцу беро а ма-олу ахь оллург, аьлча, бIаьргаш бетта цо.

Хьуна схьаделла хьан дас нанас «кхаарийн де» алар, «кIиранде» алар. Хьо дIалуш вац хьайн берашна, айхьа дийриг нийса хетий хьуна? Боккха кхерам бу вайгахь. Бераш довш лаьтта.

Масала, ас тоам бийра бара, ас сайна тIелаьцначул хIораммо а тIелаьцна делхьара. Ас са а гатдийр дацара. Со цхьана хIуманна тIевеана. И мотт хьуна дика мел хии а, хьан хьекъал совдолуш ду. Мотт кIеззиг мел хуу а, хьекъал охьадоьдуш ду. Оцу маттаца хьекъал, кхетам охьадахана вайн. Денбан безарг мотт бу».

Меттан гIайгIанал совнаха, ша волчу Австрехь бехачу нохчийн гIиллакхан, оьздангаллин гIаролехь а лаьтта Абубакар. И гIарол цо долийна шен доьзалера дIа. Церан хIусамехь чоьнийн пенашца кхозк нохчийн кIоргга мьаIна долу , шира дешнаш тIеяздина йозанаш. Уьш хан-хене яьлча хийца а хуьйцу Абубакара, шен берашна уьш багадирзинчул тIаьхьа.

Абубакар: «ХIора къоман меттанаш шайн пачхьалкъ йолу дела, пачхьалкхо лардеш ду къоман меттанаш. Вайн пачхьалкх отуш, отуш, кога-ира хIотта юьтуш а яц. Вайн мотт метта хIоттан буьтуш бац. Вайн мотт леррина оцу Россино программа а хIоттина, отуш-охьуш бу.

Доьналлица вай чIогIа лаьтташ долу дела , тIаккха кийра а баьхкина вайн мотт охьуш бу уьш. Мотт дIа а баьккхина ассимиляци ю цара вайна еш ерг. 2 миллион корта дуьненчохь а болуш, нохчийн мотт леш бу аьлла ЮНЕСКО кхайкхор- эхь ма ду иза. Вай нах дац, бохург ма ду иза. Вай веша хIумананан пусар ца до, бохург ма ду иза. И сом догIуш ца хилча, вай ца лору-кх и мотт.

Нохчийн матто сом ца ло тахана, амма оцу матто, эхь-бехк, доьналла, оьздангалла, ларам , адамалла гIиллакх, массо хIума ду цо схьалуш дерг. И кхиича бен вайга хIотталур ма яц пачхьалкх. И мотт ца хиъча вай хIун до оцу пачхьалкхех. И хууш мостагIчо беш болх бу, отуш ду вай, цунна дуьхьало ян кхайкхар ду вайн. ЦIе нохчий бохуш хIума а дуьйцуш массанхьа тIетаьIIина буьйцуш оьрсийн мотт бу. Нохчийн мотт хуушверг-акха ву, оьрсийн мотт хуушверг- дуьненан иралле кхаьчна бохуш.

Коьртаниг- лаам бу. Лаамо лелош ву стаг. Дала а хьоьга хоттур дерг, хьуна ял луръерг хьан лааме хьаьжжина хир ду. ГIиллакх аьлча, цуьнан ши кхетам бу. ГIийла а, лакхе а. И лакхе йоккхуш ю гIелаллийца, хьайна гIело а еш, хьо охьа а таIош.

Ас хьуна цхьа гIиллак лелош хилча, сайна цхьа ницкъ ма бой ас. Хьайна гIело а еш хьала волуш ву хьо лакхене. И ду и, гIийла лакхе. Хьайн гIоьнца ахь хьо кхечунна хьо дIаваларца йоккхуш ю ахь лакхе. И ларам бу. ГIиллакх долу стаг лараме ма ву. Кху меттан нур суна хIинцца бен хаадела а дац. Хьо кIорге мел воьду, оцу кIоргера юхадоху керла дешнаш. Оцу хьоло суна шовкъ ло-кх! Кхиа беза, бан ца байта».

Муха ю, Аьрсбин Абубакарна хетарехь, нохчийн тахане, муха хила еза кхане? Иза цунна иштта го.

Абубакар: «Масала, со волчу гIалахь вовшийн ларбо и мотт, Абубакарна хезаш делхьара-м эра дацара хьуна ахь и а бохуш. Тхо маьждигехь цхьана нисделча, «семья», «семья» бохуш къамел деш ву цхьа мола.

Ас эли, ла а ца делла, « уггар нохчийн сийлахь дош дара и «доьзал» бохург,и мукъна а ма хIаллакъдейша, и «семья» дIадитийша, гIазакхийн дош вай цкъа а ца лелийна. Оцу моллас боху: «Хьенех, бехк ма биллалалхь, хьо кху чохь вуй ца хаьара шена, хиънехь эра дацара ша».

Ас боху «хьажал, со вуй ваций ма дац иза, ахь хьайн сица лардан дезаш ду иза, кегийнаш ма бу хьоьга ладоьгIуш Iаш». Со волчу гIаличохь, масала, и хIумнаш дац. Мотт ларбеш бу, хатта буьйлабелларш а бу, кхи хIуммаъ а ца хилча а, суо волчу чохь и ларбан гIерташ ву со. Сайн дегIаца, сайн сица ларбан гIерташ ву со.

Ас дIадуьйцуш дерг эрна ду-кха, ас сайна дийцина дацахь, соьга цхьаммо а ладугIур дац. Дуьйцург ца лоцу схьа, ахь дийриг лоцу. Вайн Элчано аьлла (в.с.а): «Стага дуьйцучуьнга ма хьажа, цо дечуьнга хьажа». Вайн дайша хьуьжаре бер лучу хенахь, цуьнан амал дика ерг а хоржий луш хила.

Цо дуьйцург схьа ца лоцу дела, цо дийриг.Иштта маьIна долуш ду иза. Доьзална хьо хьуо масална вацахь, ахь дуьйцург довра ду. ЖовхIарш кхелли тIе ма кхиса аьлла сийлахьчу дайша аьлла хьекъале кица ду, дIалоцун дацче ма дийца бохург ду иза. Амма и дIалаца ахь бух кечбан беза хьайн чура доьзална. Со волчу хIусамехь гIазакхи мотт ца буьйцуьйту ас, я немцойн дешнаш юкъа а ца Iуьттуьйту.

Жимчо бийца а буьйцуш, воккхачо дуьхьала бийцинехь, воккханиг бехке во ас, масала. Хьаша-да чу вогIий, чу даьхкинчу бераша дуккхамма а буьйцу немцойн мотт, оцу чувеанчуьнга кхо дуьхьал бийцахь а, вайниг бехке во ас. Соне хIиттабо ас уьш, я кхи ишта хIумнаш карадо».

Маршо Радио: Чу-м вуллур вац Германин Iедало берашца шога хиларна?!

Абубакар: «Вуллур вацара цара со чу-м. «Чу вуллу»- алахь, со сайн сал-пал эцна дIагIура ву-кх цхьанхьа меттиг болчче, сайн чохь да хила ца витахь. Соьга со вехачу гIалин мэро элира, со тIеваханера цунна маьждигана меттиг лахьара аьлла, хIинца а чекхдалаза, лохуш, хьожуш, со реза ца хуьлуш ду и тхан гIуллакх.

«Шу нохчий ду, шун бакъо ю шайн мотт Iамо а, Къоран Iамо а, цундела шуна меттиг езарх со кхета, гIо дан хьожур ву ша» аьлла. Ас цуьнаг аьлларг: «Со хьуна дика гражданаш бан ара ваьлла ву хьуна, ахь сунна гIо дахь и маьждиг цу чохь ши класс йолуш, йоьIаршана, а кIенташна а мотт, Къуран Iамо, ахь сунна цу тIехь гIо дахь, ас хьуна дика гражданаш кхиор бу хьуна.

Царна полицайш ца оьшу хьуна, царех хьуна дика накъостий хир бу хьуна. Ас царна нохчалла Iамор ду». ЧIогIа хазахетта а вара и. Вайн мотт эзара шерийн гулъйина хазна ю. И яйъа йиш йолуш яц. Вайн мотт цхьанне маттал оьшуш бац. Вайн маттал хьалха даккха КъурIан ду, кхин мотт бац вайн маттал хьалха баккха. И хууш, хийламмо хеста а бина иза,и хIаллакъбан а гIерта».

Маршо Радио: Вайн къоман хиндерг муха го хьуна? Вайнах бехачу Европехь лаккхара синбахамалла ма юй, ассимиляци вайна пайде ца хила а ца тарло?

Абубакар: «Шайн къаьмнаш дIа а туьйсуш, вайна тIе данза цхьа а къомах гара дац. ТIекхуьуш долу чкъор хаза масалаш тIехь кхио деза. Асхьабаш бийца беза, имамаш бийца беза, амма хьайн дайша лелийна болу некъ бийца беза цаьрга.

ХIунда аьлча дас-дедас лелийнраг кIанта дика лоцу схьа, дIо генарчу Iарбочо лелийначул а. Масала, Муса Пайхамараера диссийна парзаш ду нохчашкахь. И парзаш нохчийн гIиллакхаш ду. Пайхамаро аьлла (с.в.а): «Шен къам дезар Делера ду», аьлла цо. Кхи а аьлла цо: «Шен доьзалца бала боцург, шен махкаца бала боцуш ву, шеен къомаца балабоцчцьнца шеен хIуммаъ дац. И стаг доккхачу таIзаре вуьллур волуш а ву».

Тахана къомалла дIадаккха гIерташ, бусулба агIорара а, керста агIорара а. Нохчийн къоман синкхетам бохо гIерташ. Дала ша кхоьллина къам ма ду вайниг а. Дала ша мотт а белла къам ма ду вай. Далла дика ма-хаьа. Цо шена лиънехь цхьа мотт болуш къам дийра ма дара вай.

Цо ма боху, ша шу къаьмнаш кхоьллина, тайпанаш кхоьллина шуна аттонна, шу вовшийн довзийтархьама. Шух диканиг, шех чIогIа кхоьруш верг ву боху Дала. Цхьа а къам къастийна дац шен боху маьIна ду иза. Къоман синмехаллаш дайъина вайгара. Дукхахболчу нехан маттахь дисина, дегIаца а доцуш. Ахь хаьттича массарна а дийца а хаьа гIиллакх-гIуллакхах лаьцна. Лелош берш кIеззиг бу.

Къоман синкхетамчуьра цхьа тIум йисина вайн, Дала мукъалахь. Къомах манкурташ олу, кхоьбанаш олу..и кхоьбанаш вайх ян гIерташ тIетаьIна вайна. Иштта, кху къоман синмехалла-маршо ю. Марша вогIийла, марша гIойла, маршалла дIалолахь. Массо коьртехь маршо ю цигахь. И маршо а Дала елла ю, Делан хIукам ду иза. Цхьанна тIехь цхьа а воцуш, цхьа эла а воцуш, наха шайна юкъахь нийсо латторан билгало ю иза.

Иштта хилла дара вай. ГIелдина вай, амма вайна чохь дерг цIий ма дай. Синкхетам оцу тIера ма бай. Тахана дуьненчохь хIоьттина хьал, хIинццалц Росси чIагIлуш «бIов « бохуш, хьалаяхара. Цхьа шо хьалхалерачуьнца дуьстича тахана Росси дукха чIогIа эшна. Лакхахь хилла йолу Россин «бIов» бахар, тахана Iинах доьдуш ду. И йоьхчи бен нохчийн стагана маршо хир йолуш яц.

ХIунда аьлча, оцу Россин Iалашо, цуьнан политика –кхи долу къаьмнаш кIела а хьарчийна, уьш шайн къомаллех, динах бохор. Оццул боьха долу эскар ду церан, боьха идеологи а ю церан, оццул боьха IатIкъам а бу цуьнан. Кремлан Iедал, тIум иштта ю. Вайн дайша олура: «Дагца дIаваьлларг, дегIаца сецор эрна ду хьуна. Дала вайн рицкъаш цIа дерзадойла!»

Веданарчу къаночуьнца Совдийций, Австрехь вехачу шовзткъе итт шарера ваьллачу Аьрсбин Абубакарций хилла къамел кхеташ болчу нохчийн юкъара къамел дара догIу тахана.

Церан кхетамехь, цаьрца болчу лазамашца беха нах вайлахь алссам хилахь, далур ду цаьрга нохчийн таханлерчу чкъоьрнийн синкхетамна лоьралла – аьтто бер бу уьш ненан матте юхаберзо а, гIиллакх-оьздангаллана тIаьхьакхио а. ТIаккха бовр дац нохчийн орам, къоман башхалла.

Цунах тешаш ца хилча-м хуьлу мел дуьйцург а, мел лелолиг а эрна. Тешар а, тоьллачу жамIашка гIертар а ду кхетамчохь мел волчунна декхар-парз.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG