ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Донбассехь цIий Iена юха а


Ша-шена маршо кхайкхийначу «Донецкан Республикерчу» сепаратистийн лидеро Захарченко Александра дIахьедина, шен ницкъаш берриг а мохк дIалаца гIертар бу, цхьана а машаран дийцаршка а ца лелаш, аьлла. «Тхо Донецк-мехкан дозане кхаччалц дIагIур ду тIемашца» аьлла Захарченкос Оьрсийчуьрчу Интерфакс-агенталле.

ТIематасадаларш Донбассехь алсам дуьйлуш лаьтта. Дийнахь-буса вийна Украинан кхо салти, 50 гергга лазийна, Киевера официало бечу хаамашца. Сепаратисташа шаьш эскаршкара цхьацца ярташ дIаяьхна бохург харцдира Украина эскарийн векало Лысенко Андрейс пIераскандийнан брифингехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG