ТIекхочийла долу линкаш

ЖихIадхойх жахIилаш а хуьлуш...


Австри -- Шема тIаме вахарна кхел ю еш нохчочунна З. Мохьмадна тIехь Кремлс гIалахь, 22Деч2015

Австри -- Шема тIаме вахарна кхел ю еш нохчочунна З. Мохьмадна тIехь Кремлс гIалахь, 22Деч2015

Нохчашца доьзна масех дов ду кху деношкахь Австрехь хоттуш - радикалан исламан хьежамашна болчарна т1ера д1адоладдела мог1арерчу криминалхойн зуламашна т1е кхаччалца. Х1ун бахьана ду Европехь уггаре а йоккхах нохчийн диаспора йолчу Австрехь вайн махкахой сел башхачу кепара массерана а багбахар?

Австрерчу Кремс гIалара кхел еари дийнахь массо а агIор ларйечу гIопах тарйеллера. Чу вогIург хIора а кIирвелла толлуш вара Iедалхоша, паспорт гайтина бен кхелан кхерча а ца воуьйтура цхьа а. ТIаьххьара цу кепара Австрерчу кхелашкахь кхерамазаллин гIулчаш Венехь Исраилов Iумар цIе йолу жима стаг вийнчеран дов хоттуш яьхнера Iедалхоша. ХIетахь а, хIинца санна, нохчий бара лийцинчеран гIентахь.

Амма нагахь санна хIетахь жоьпе озийнарш Оьрсийчоьнна муьтIахь болу нах хиллехь, еари дийнахь Кремсехь хилла кхел нийса бIостанечу бахьанца хоттуш ю ала мегар ду – иза 30 шо кхаьчначу цхьана, Iедалхоша цунах олуш ма-хиллара, „джихадхочунна“ тIехь дIахьош ю.

Мохьмад цIе йолчу цу жимчу стеган бехкталламан гIуллакхехь яздина ма -хиллара, иза 20I3-чу шена товбеца баттера гIура батте кхаччалца Шемахь ша шех Исламан Пачхьалкхе олучу ДаIиш тобанан тIеман лагерехь а, цул тIаьхьа цу тобано бечу тIемашкахь дакъалоцуш а хилла. Цул тIаьхьа шен бIаьрсина дарба дайта Австре веана иза бохуш чIагIдо Iедалхоша.

Цул совнаха, цара цунна бехке дуьллу, даханчу шарахь 700 евро герга ахчанца ДаIишан тIемлошна гIо дина хилар а. Иштта лаьцначунна бехке дуьллуш ду дийца данне а юхькIаме доцург а, къаьстина бусулба дин а, Делан дош айдар а юхьаралаьцна лелачунна - маьттазчу хьесапехь кхиазхой гойту видеогайтамаш эцарна а, шеца лелорна а бехке веш ву иза.

Лаьцначун гIентахь Iаш волу жима стаг тIехьаьжна шен муьлхачу а къомах я динах болчу нийсархойх къаьсташ вацара. Олуш ма-хиллара, пурах урс хьокхуш цIена яьшна маж а йолуш, стомий куьйганаш долу бIаьрсенаш а доьхкина волчу цуьнан васт цхьа тамашийна ца догIу массо а аьлча санна меттигерчу хаамийн гIирсашкахула даьржинчу цуьнан хьалхалерчу сарташца: некха уьне кхаччалца еха маж а йитина, къорза тIемалойн духар а, карахь герз а долуш даьхначу.

Еарийн суьйренга кхаччалца дахделлачу кхелан хьалхарчу дийнан доккхахдолу дакъа лаьцначуьн карахь лелочу телефонан чулацам а, цуо дIасаязйина хиллачу смсийн хьокъехь хеттаршна а, ткъа иштта цуьнан зIе хиллачу нехан хьокъехь хаттарш дарна а лерина дара.

Ша лаьцначуо шен бехканна мукIарло ца дира. Цуо дийцарехь, иза ванне а ца хилла Шемарчу тIамехь дакъалоцуш, цу махкахь иза дикадаран цхьана юкъараллехь меттигерчу нахана гуманитаран гIо доькъуш вара. „Джихадах лаьтташ дац бусулба дин. Джихадо балий, тIомий бен бохьу нахана“, - элира цуо кхелахочуьнга.

Цуьнан адвоката Блашитц Вольфганга а билгалдаьккхира, шен клиент тIом бан бIаьрса долуш вац, иза Шемахь мацалла ловчу меттигерчу бахархошна сурсаташца гIо дан гIерташ хилла, аьлла.

ТIамехь лаьцначуо дакъалацарх лаьцна адвоката элира, тIемалочун духарш а доьхна, герзах воьттина лаьтташ цуо даьхна долу сарташ - уьш интернетехула мехкаршна хьалха дозалла дан а, олуш ма-хиллара, зударшна „понташ“ еш, тIеIаткъам бан Iалашонца лелийнера, аьлла.

ХIетте а, кхелахочуо дуьхьал диттира лаьцначунна, цуьнан мобила телефона чохь карийна долу баъйинчеран а, кортош даьхначеран а сарташ, ткъа иштта „Джихад доцург дахар дац“ бохуш цуо базбина смс-хаамаш а. Тоьшаллийн а, хеттарийн а терахьаш дукха сов хиларна цу стагана тIехь кхел тIебогIучу чиллан батте кхаччалца дIатеттина.

Мохьмад цIе йолу жимстаг дуьххьарниг вац Австрехь Шемахь я Иракъехь тIамехь дакъалацарна я лацагIортарна лаьцна верг. Оццу шеконашца лийцина карарчу хенахь набахтехь ву кхин ткъех нохчо, шайна юккъехь масех зуда а йолуш.

ТIаьхьарчу масех баттахь хIора а Австрерчу нохчийн маьждигехь дешначу наха беш хьехамаш а, кхеторан белхаш а бу, бохуш дуьйцу Венерчу нохчийн-гIалгIайн кхеташонан куьйгалхочуо Мусаитов Шайхис, цу тIаме бахар нийса дац, иза нохчийн тIом бац, ткъа ДаIиш тобано лелориг долчу дуьнентIера бусулба Iелимаша питана санна билгалдаьккхина а ду, бохуш. ХIетте а, лахлуш дац церан гIорторчийн терахь.

Мусаитов Шайхи: „Диъ маьждиг ду вайн нохчийн Венехь. Цигахь а, кхечу меттигашкахь а болчу вайн имамашца цхьаьна а кхетта, дагадовларш дIадаьхьна оха.

Дика Iилма долуш нах бу уьш. Уьш массо а цхьа ойла йолуш ву- Шема вайн бераш даха оьшуш дац. Иза нийса дац. ХIара мохк вайн шозлагIа даймохк бу, вай кхуза схьадаьхкина, дехаш делахь, вай кхузара низамаш лара а, лардан а деза. Шайн хьехамашкахь хаддаза дуьйцуш а ду цара иза. Иштта хIора а тезетахь а, нах гулбеллачохь а дуьйцуш дерг иза бен хIума дац. Боккха лазам бу-кх иза вайн къомана“.

Амма, тайп-тайпанчу хьостанашца, 30 эзарера 40 эзаре кхаччалца йолчу Австрерчу нохчийн диаспорин карарчу хенара къай-балий радикалан хьежамаш баржочарех я джихадхойх лаьттина ца Iа.

Деккъа схьаэцначу цхьана пIераскана дийнахь арадевллачу Австрерчу хаамийн гIирсашкахь нохчашца доьзначу тайп-тайпанчу кегий а, даккхий зуламашна а, кхелан процессашна а лерина йолу артиклаш иттех ю.

Иштта, масала, Кремсерчу кхелаца цхьаьна дийнахь йолаелла Венехь нохчийн тобанна тIехь кхел. Даханчу аьхка зударшна тIехула дов а даьлла, Венерчу цхьана кIоштанаш вовшашна герзаш диттинера шина доьзалан векалша, хIинца дов хатта кхеле бахкийначу.

Цхьа могIа кхечу артиклийн цIераш а ю, совтIеха даьккхина дийца а ца оьшуш, мотт шера: „Кхаа нохчочуо Грацан вахархочунна йиттина, цуьнан петар чу а лилхина, масех евро ду царна цу кепара каракхаьчнарг“, „Нохчо бехке веш ву метишка хьийзорна“, „Линцехь стаг, герз тоьхна, стаг а вийна ведда волчу нохчочуо кхеле озийна шех лаьцна яздина долу газета“, - иштта дIа кхин а.

Ткъа цу юкъана хенаца кхиина а болуш, амма кхетамца хIинца а, гарехь, бераллера бовланза болчу цхьаболчу баккхийчара деш долу гIалаташ а, зуламаш а Австрехь дехачу берех даха доладелла ала мегар ду. Кхаари дийнахь Венерчу цхьана ишколехь13 шо долчу нохчийн кIантана къиза йиттина цуьнца доьшуш долчу бераша.

Цу ишколан хьехархойн гонашкара Маршо Радионе хиллачу хаамца, цу кIантана йиттинарг ву ялх туркойн къомах волу кIант. Хье лазорца а, меженаш кагйарца а лоьрийн цIийна вигинчу нохчийн кхиазхочунна еттаран бахьана толлуш ю полици, амма, хетарехь, бахьана нохчийн къомаца юкъараллехь яьржаш йолу гамо а йолчух тера ду.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG