ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Марсаболуш бу Донбассехь тIом


Малхбале Украинехь Дечкен-баттан тIаьххьарчу кIиранах бинчу тIемашкахь вийна 18 украинхо-эскархо, 235 ву лазийнарг. Украинан тIеман министралло бинчу хаамашца, сепаратистийн могIарера байинчийн терахь 600 ду, чевнашйинарш - 175. ПIераскан буса сепаратисташа 30-зза герзаш диттина Iедалан эскаршна тIе Донбассехь. Украинан тIеман операцин пресс-центро бинчу хаамца, герзаш диттина Щастя гIалина а, Новотошковка юьртана а.

«Донецкан халкъан республика» олучу тобан векалша дIахьедо, шаьш шайн куьйгакIел латтош ю Красный Партизан цIе йолу юьрт, бохуш. Цара дийцарехь, цу юьртахь хьалхо бехха лаьттина украинхой-эскархой. Киево тIечIагIдо «Красный Партизан» «Донецкан халкъан республика» шайх олучу ницкъаша схьаяьккхина хилар, иштта билгалдоккху оцу юьртахь Украинан эскар лаьттина а дацар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG