ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

СаIуда Iаьрбийн паччахьах кадам


Кху муьрехь дукхахйолчу пачхьалкхийн куьйгалхой Сауди Iаьрбийн Эр-Рияд шахьара гуллуш бу паччахь Iабдулла кхалхарца кадам бан керла хIоьттиначу паччахье Iабдуллин вешига ибн Iабдул-Iазиз Салмане. Дукха хьолахь Эр-Риядехь вовшахкхеташ бу бусулба а, кхечу динашца йолчу а пачхьалкхийн куьйгалхой. Тезета баьхкина Британин премьер-министр Кэмерон Дэвид, британин принц Чарльз, Францин президент Олланд Франсуа, Оьрсийчоьнан премьер –министр Медведев Дмитрий, кхиболу куьйгалхой. КIайчу ЦIийно бечу хаамца, президент Обама Барак тIедогIучу кIиранах гIур ву СаIуда Iарбийчу Салман-паччахьца вовшахкхета.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG