ТIекхочийла долу линкаш

Литвиненко верах долу тоьшалла хьехадо кхелехь


Британерчу Телеграф газето хаамбина, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн къайлах сервис теш хIоьттина хилла 2006-чу шарахь Лондонехь оьрсийн диссидент, ФСБ-сервисехь болх бина волу Литвиненко Александр дIовш тесна вер Кремлаца доьзна дуйла гойтуш, аьлла. Телеграфо дийцарехь, Iамеркахоша хIеттехь тоьшаллаш дIаделла а хилла Британин Iедале, амма уьш кхелехь гIарадаха йийшйолуш ца хилла.

ХIинца юха а довлистар айдинчу Лондонерчу кхелехь диссидентах йисинчу Литвиненко Маринас доьху, и тоьшаллаш Iора а дохуш, чоьте эцар. Полоний-210 дIовш делла вийнийла Литвиненко гойту тоьшаллаш долуш ду кхелехь. Ткъа ша валлале Литвиненко Александра ша вен омра динарг ву элира оьрсийн президент Путин Владимир.

XS
SM
MD
LG