Цу кепара хьанала, беркате болх бан кхаж баьлча санна, цIархазмана а доцуш, орцаллин белхойх тера къахьоьгуш тобанаш ю цхьаццайолчу ярташкахь.
Стаг дIакхелхича, юх-юха баха хьашто йоцуш, цунна каш даккхар тIера дуьйна, сагIа даьккхина даллалц, кIадо йина охьа ца ховшуш, велларг дIаверзош, маса хьийза цу тобанийн декъашхой.
Доцург ду ала хьашто а йоцуш, цу кеппара къардайна, юьртахойн хьашт-дезарш луьстуш бусалбанийн тоба ю Теркйист кIоштан Iелин юьртахь а. Кхойтта шо дIадаьлла, жигархой Джениев Мовла а, Джамурзаев Адам а волуш адамийн вон-дика листарехь хьалханчаш а хилла уьш схьабогIу.
Оцу билгалъйинчу хенахь герггарчу барамехь цара даьккхина лаххаре а эзар каш, эзарнашкахь дина зуькарш,ешна мовлидаш, велларг Деле воьхуш, Далла Iибадат деш, ишта эзарнашкахь ларъйина буьйсанаш. Сан цаьрца, Джениев Мовлица а, Джамурзаев Адамца а, къамел а доладелира каш даккхар тIера.
Адам: "Юккъерчу барамехь схьаэцча, баттахь 70 а, кхин сов даккхадезаш а нисло каш. Дийнахь цкъацкъа ши-кхо каш даккхадезаш а нисло. Баларш тIетаьIча хIора дийнахь даккха дезаш а нисло…"
Мовла: "Велларг дIаверзо каш даккхарал сов, оха кху I4-I5 шарахь дуьтуш дац буьйсанаш ларьяр а, Элча хестош мовлидаш дешар, тхайн ницкъ кхочучу барамехь,кху юьртан гIуллакхана лелаш-м ду тхо. Даламукъалахь, Делан дуьхьа тхаьш кхоа-м ца до оха".
Адам: «Тхан тоба вовшахъкхетар муха нисделла аьлчи? Хазбулатов Iиса-Хьаьжа цIе йолуш дешна, лераме къано ву тхан юьртахь. Цо, 2002 шо дара моьтту суна иза, Iиса-Хьаьжас элира, «дегаза а, догза а богIу каш даккха а, кхидерг дан а. Ламаз-мархица а, динца нисбелла а болуш бусалбанаша и болх беш хилча ял а хир яра,кхелхинарг дIаверзош, юьртахошна а атто хир яра», Iисас аьлчи цхьаьнакхетта ю тхан тоба. Ишта Дела шен дуьхьа и болх беш ду-кх тхо. Цкъа а цкъа карахь ламаз доцуш кешнийн керта а ца девлла тхо».
Мовла: «Кхин цхьа хIума а ду. Цхьаьллиг цхьа да кху вирдехь варий, хIуьнехдина тайпана варий аьлла къестамаш бина бац оха. Велларг милла велахь, тхаьш дан дезарг кхачо йоллуш кхочуш а дой, дIаверзаво оха».
Маршо Радио: Мовла, хьо туркх волу 15 шо кхочуш долу. Стаг велча и дIаверзош шаьш хьоьгучу къих дийцахь, юьхьанца дуьйна.
Мовла: «Тхайга хаам ма- биннехь, тхо хьем ца беш кешнашка схьадогIу. Каш даьккхина довларций, охьа а догIий, зуькарца велларг дIавуьгу оха. Вирде хьожжий зуькарш а до, буьйсанаш а ларйо, дан мел дезарг до-кх».
Маршо Радио: Муьлш бу шу тобанехь?
Адам: «Добриев Хаваж а ву, хIара Джениев Мовла а, Сайдулаев Кунта а, Джамурзаев Ислам а, Юсупов Хьусайн а, Лабазанов Бислан а ву, со Джамурзаев Адам а ву-кх».
Маршо Радио: Велларг, хьал долуш вуй, ваций, къен вуй…бохург хьесапе а ца оьцуш, дIаверзор мел бух болуш ду?
Мовла: « И ахь аьлларг шен дагахьдерг цига цавахар бен молха дац. Мичхьа делахь а, бусалбан стаг дIаверзо везаш хилча хIунда ца воьдуш ву, шегара гIо эшча. И хIумнаш дагадахкийта йиш йоцуш хIумнаш ду-кх. Цо кхузахь лела а деш, кхечу меттигашкахь болчу бусалбан нахана гIо деш ца хилча, тIаккха цо лелориг нийса хир ма дац. Тхо-м дахана тхайга кхайкхинче, гIур а ма ду, Дала мукъалахь. Уггар хьалха оцу веллачуьнан ойла а еш, Делера гIо хиларе са а туьйсуш, орцах даха а дахана, Даламукъалахь».
Валар-висарх, кхелхинарг дIаверзорах, адамаллех, къинхетамах, вовшех дог лазарх –доцца аьлчи, дахарехь перза а, мехала а мел долчух соьца къамел динарш бара Теркйист Iелин юьртара Джениев Мовла а, Джамурзаев Адам а. Дезткъара бевллачу къаноша а,Iеламнаха а даре а деш, уьш санна бусалбаниш нохчашлахь мел ду, цхьана вахархочун бахьана хир дац диканах дог дилла а, вошаллин куьг кховдо стагга а вац –кх аьлла дуьненах чам бан а.
Цу кепара хьанала, беркате болх бан кхаж баьлча санна, цIархазмана а доцуш, орцаллин белхойх тера къахьоьгуш тобанаш ю цхьаццайолчу ярташкахь.
Стаг дIакхелхича, юх-юха баха хьашто йоцуш, цунна каш даккхар тIера дуьйна, сагIа даьккхина даллалц, кIадо йина охьа ца ховшуш, велларг дIаверзош, маса хьийза цу тобанийн декъашхой.
Доцург ду ала хьашто а йоцуш, цу кеппара къардайна, юьртахойн хьашт-дезарш луьстуш бусалбанийн тоба ю Теркйист кIоштан Iелин юьртахь а. Кхойтта шо дIадаьлла, жигархой Джениев Мовла а, Джамурзаев Адам а волуш адамийн вон-дика листарехь хьалханчаш а хилла уьш схьабогIу.
Оцу билгалйинчу хенахь герггарчу барамехь цара даьккхина лаххаре а эзар каш, эзарнашкахь дина зуькарш,ешна мовлидаш, велларг Деле воьхуш, Далла Iибадат деш, ишта эзарнашкахь ларйина буьйсанаш. Сан цаьрца, Джениев Мовлица а, Джамурзаев Адамца а, къамел а доладелира каш даккхар тIера.
Джамурзаев: "Юккъерчу барамехь схьаэцча, баттахь 70 а, кхин сов даккхадезаш а нисло каш. Дийнахь цкъацкъа ши-кхо каш даккхадезаш а нисло. Баларш тIетаьIча хIора дийнахь даккха дезаш а нисло…"
Джениев: "Велларг дIаверзо каш даккхарал сов, оха кху I4-I5 шарахь дуьтуш дац буьйсанаш ларьяр а, элча хестош мовлидаш дешар, тхайн ницкъ кхочучу барамехь,кху юьртан гIуллакхана лелаш-м ду тхо. Даламукъалахь делан дуьхьа тхаьш кхоа-м ца до оха".
Адам: « Тхан тоба вовшахъкхетар муха нисделла аьлчи? Хазбулатов Iиса-Хьаьжа цIе йолуш дешна, лераме къано ву тхан юьртахь. Цо, 2002 шо дара моьтту суна иза, Iиса-Хьаьжас элира,»дегза а.догза а богIу каш даккха а, кхидерг дан а. Ламаз-мархица а, динца нисбелла а болуш бусалбанаша и болх беш хилча ял а хир яра,кхелхинарг дIаверзош, юьртахошна а атто хир яра Iисас аьлчи цхьаьнакхетта ю тхан тоба. Ишта дела шен дуьхьа и болх беш ду-кх тхо. Цкъа а цкъа карахь ламаз доцуш кешнийн керта а ца девлла тхо».
Мовла: « Кхин цхьа хIума а ду. Цхьаллиг цхьа да кху вирдехь варий, хIуьнехдина тайпана варий аьлла къестамаш бина бац оха. Велларг мила велахь тхаьш дан дезарг кхачо йоллуш кхочуш а дой дIаверзаво оха».
Маршо Радио: Мовла хьо туркх волу 15 шо кхочуш долу. Стаг велча и дIаверзош шаьш хьоьгучу къих дийцахь юьхьанца дуьйна.
Мовла: «Тхайга хаам ма- биннехь тхо хьем ца беш кешнашка схьадогIу. Каш даьккхина довларций охьа а догIий, зуькарца велларг дIавуьгу оха. Вирде хьожжий зуькарш а до, буьйсанаш а ларйо, дан мел дезарг до-кх».
Маршо Радио: Муьлш бу шу тобанехь?
Адам: «Добриев Хаваж а ву, хIара Джениев Мовла а, Сайдулаев Кунта а, Джамурзаев ислам а, Юсупов Хьусайн а, Лабазанов Бислан а ву, со Джамурзаев Адам а ву-кх".
Маршо Радио: Велларг, хьал долуш вуй, ваций, къен вуй…бохург хьесапе а ца оьцуш, дIаверзор мел бух болуш ду?
Мовла: «И ахь аьлларг шен дагахьдерг цига цавахар бен молха дац. Мичхьа делахь а бусалбан стаг дIаверзо везаш хилча хIунда ца воьдуш ву шегара гIо эшча. И хIумнаш дагадахкийта йиш йоцуш хIумнаш ду-кх. Цу кхузахь лела а деш, кхечу меттигашкахь болчу бусалбан нахана гIо деш ца хилча, тIаккха цо лелориг нийса хир мА дац. Тхо-м дахана тхайга кхайкхинче, гIур а мА ду даламукъалахь.. Уггар хьалха оцу веллачуьнан ойла а еш,делера гIо хиларе са а туьйсуш, орцах даха а дахана даламукъалахь".
Валар-висарх, кхелхинарг дIаверзорах, адамаллех, къинхетамах, вовшех дог лазарх –доцца аьлчи дахарехь перза а.мехала а мел долчух соьца къамел динарш бара Теркйист Iелин юьртара Джениев Мовла а, Джамурзаев Адам а. Дезткъара бевллачу къаноша а,Iеламнаха а даре а деш, уьш санна бусалбаниш нохчашлахь мел ду, цхьана вахархочун бахьана хир дац диканах дог дилла а, вошаллин куьг кховдо стагга а вац –кх аьлла дуьненах чам бан а.