ТIекхочийла долу линкаш

Евро дайлуш ду


Кху тIаьхьарчу 11 шарахь ца хиллачу кепара дайделла евро долларца дуьстича. Азерчу валютан биржашкахь Оршотан дийнахь цхьана еврох лора 1 доллар цхьайттех цент. Цу тайпаниг хилла дацара 2003-чу шарахь дуьйна.

Амма тIаьхьо евро жимма дазделира. Евро дайдалар говзанчаша дузу Грецехь хиллачу харжамашца. Цигахь парламентан харжамашкахь толам баьккхина Греци еврозонина юкъара яла еза аьлла хетачу партин векалша.

XS
SM
MD
LG