ТIекхочийла долу линкаш

Японера закъалхочунна дуьхьал зуда дIахецар доьху "Исламан пачхьалкх" тобано


«Исламан пачхьалкх» олучу тобано шена тIелаьцна закъалтана лаьцна хилла Японера Юкава Харуну вер. Даханчу Шоьтан-дийнахь интернетехь видео гучяьлла иза вуьйш яьккхина йолу. Дечкен-беттан 20-чу дийнахь тIемалоша шаьш вуьйр ву аьллера Юкава а, Японера кхин цхьа закъалтхо а Гото Кэндзи а, нагахь 3 дийнахь шайна 200 миллион доллар ахча ца лахь.

ХIинца цу наха Гото дIахоьцург ахчанна мета дIахеца боху Урданехь лаьцна латтош йолу Ришави Саджира. И зуда Иракъера ю. Иза бехке еш ю терроран эккхийтар дан гIортарна. Японин премьер-министро Абэ Синдзос дIахьедар дина Гото Кэндзи дIахеца веза аьлла, цхьа а билламаш а ца бохкуш. Важа закъалтхо вер дита мегар доцу зулам ду аьлла Абэс.

XS
SM
MD
LG