ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВорхI эскархо вийна Украинин малхабалехь хиллачу тIемашкахь


Украинехь Донецкан областехь Украинин эскархошна а, сепаратисташна а юкъахь тIемаш бу дIабоьлхуш Санжаровка олучу эвлана йистехь. Украинин къоман кхерамазаллин кхеташонан векло Полевой Владимира дийцарехь, фронтан зил чекхболуш бу Донецкера аэропортехула. Цо дийцарехь, шира а, керла аэропортан терминалаш йохийна ю.

Украинин эскарийн позицеш ю диспетчерийн бIовна уллехь а, кеманаш гIоттучу а, охаьховшучу а некъана тIехь а. Кху беттан 24-чу дийнахь оьрсийн сепаратисташа «Град» йиттина Мариупол гIала. ТIаьххьара болчу хаамашца, и бахьана долуш 30 стаг вийна, 105 стаг чевнаш йина ву.

Украинин кхерамазаллин ницкъаша лаьцна волчу «Гаишник» цIе йолчу сепаратисто даре дина ша Украинин эскархой болу меттигаш «Град» еттачу оьрсийн эпсаре дIаюьйцуш хилла хилар. Украинин Iедалша бинчу хаамца, конфликт йолчу зонехь дийнахь-бусий вийна Украинин 7 эскархо, 24 чевнаш йина ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG