ТIекхочийла долу линкаш

Оьрсийчура бахархошка дуьхьалонан акце кхайкхина Навальныйс


Зазадоккху-беттан 1-чу дийнахь маьршачу демонстраце арадовла аьлла Оьрсийчурча бахархошка кхайкхам бина оппозицин политико Навальный Алексейс. Цу акцин цIе хир ю «БIаьсте» антикризисан марш». И марш дIаяхьаран бахьана ду боху Навальныйс Оьрсийчоьнан куьйгалхой гIорасиз хилар, пачхьалкх махкахь хIоьттина политикан а, экономикан а кризисах хьалхаяккха.

«Антикризисан маршан» коьрта лозунгаш хир ю оппозицин партеш а, депутаташ а харжамашка бита аьлла а, Украинина дуьхьал лелош дерг сацаде аьлла а, зорбанан гIирсашкахь цензура а, пропаганда а дIаяккха аьлла а, политикан тутмакхаш дIахеца аьлла а, кхелан системана реформа дIахьо аьлла а, кхиерш а.

XS
SM
MD
LG