ТIекхочийла долу линкаш

Иттаннаш демонстранташ лазийна Косовохь


Иттаннаш демонстранташ лазийна Шинарин дийнахь Косовохь, полицин ницкъашца тасадаларш хилар бахьана долуш. Цу акцин декъашхоша доьхург дара Косовохь бехаш болу албанхой сийсаз бина волу къинхьегаман министр Яблонович Александр цу даржера дIаваккхар. Иза ву премьер-министран Мустафа Iийсан кабинетехь волчу кхаа сербах цхьаъ.

Косовохь йолчу килсе керстан нах цабахкийтина болу албанхой акхарой ю аьллера Яблоновича ши кIира хьалха. Приштинехь Iедалан гIишлонна хьалха полицино бIаьргех хиш оьхуьйту газ хецнера демонстранташ дIасалахка. Цул тIаьхьа хиллачу тасадаларшкахь чевнаш хилла дуккха а нахана. Царахъ 5 полицин белхахо ву.

XS
SM
MD
LG